Муцураев О. "Хорачара бекхамча"

21/05/2025 0 Комментариев 406 Просмотров

    


  Дукха хан йоццуш 70 шо кхаьчначу сан луларчу зудчо – Тамарас, цхьацца х1ума дуьйцуш, ша вайн ц1ахь, Веданахь, 1946-чу шарахь йина ю элира.

– Оой, – цецвелира со, вайнах оцу хенахь массо а ц1ерабаьхна ма хилла? Т1аккха сихха дагадеара: х1а-а, и-м Хорачара обарг Зеламхин йоь1ан йо1 ярий. Тамара тхан керташкара маре яхана иттанаш шераш ду. Оцу дерригено а сан коьртехь кхоьллира цхьацца ойланаш…
Вевзаш волчу нохчийн обаргах Зеламхех лаьцна исторехь девза мелла а цхьа б1е шо ду. Иза-м Нохчийчохь я Кавказехь хьовха, Россехь, Европехь, Турцехь, Иранехь вевзина ву.

– Х1аъ, эр ду ешархочо, – хьалха а яздина цунах лаьцна кхечу бевзачу авторша – х1ирийчо Гатуев Дзахос, Мамакаев Мохьмада, Махкат1ерачу Бакаров Мусас, кхечара.

Х1етте, лараме ешархо, бакъо луо суна цунах дош ала: харачойн Зеламхин Шелахь т1евуссуш накъостий а хилла, цуьнан каш а кхузахь, Шелара Ведана (Хорча) воьдучу новкъахь ду, со суо – шелахо ву, эрсанойх а волуш…

Чекхдаьлла б1ешо долалуш Россехь а, Нохчийчохь а халуо хилла социальни, политически, экономикин хьал. Ч1ог1а къен хилла нехан 1ер- дахар, дешарх лаьцна-м дуьйцийла а яц. Царах цхьаберш оцу къизачу замано дахаран хьелаш жимма толур дацара-те, олий, 1едалан политикина дуьхьалбовлура. Къийсамхой, я кхечу дашца аьлча, обаргаш олуш хилла царах. Уьш Кавказан къаьмнашна юкъахь хьалха дуьйна а билгалбевлла.

Цу хьокъехь Нохчийн Ц1ечу Армин командира Шерипов Асламбека яздо: … «Халкъ кхоьрура царах (обаргах-авт.), амма цаьрга цабезам а бара – дукхахьолахь ширачу заманахь иштта лелаш болу обаргаш халкъан бекхаман куьйго лоцура. 1едало меттигерчу бахархошна ницкъбора, ткъа обаргаша ницкъбора оцу 1едална»…

Тахана обарг Зеламха аьлла йоккхуш ц1е хезча, суна дукхахболчарна санна хьалхах1утту майрачу, нийса герз тухучу халкъан бекхамхочун сурт. Бакъду, дукха х1уманаш т1ехь шегара масал иэца мегар долуш къонах хилла и: мискачуьнца – къинхетаме, мостаг1чуьнца – дера. Г1ушмазукъин доьзал уггар хьалха шайн сий дайъинчарна бекхам бан арабаьллера, амма цунах халкъана бекхамхо хилира.

Меттигерчу паччахьан 1едало шайца цхьа нийсо лелорйоций хиъча,  Зеламхас уггар хьалха шайн доьзалан мостаг1ашна бекхам бархьама волу обаргийн шогачу новкъа. Шен ерриг оьг1азло цо т1ехьажайо харцонаш лелочу 1едална. Иштта чолхечу, къизачу хьолехь стагера г1алат ца дала йиш яц, уьш Зеламхера а довлу. Х1ара а, кхуьнан накъостий а бахьанехь бехк боцу нах кхелха, юьртахошна та1зарш до, лоьций Сибареха бохуьйту. Муьлххачу а зуламо зулам дахьа дуьхьал. Оцу дерригенах ша кхетавоьлча, Зеламха 1елам нахах дагаволу. Шен хьа-са долчу ша сийдечу Эвтарарчу Баматгирин-Хьаьжица, Шеларчу Соип-моллица, кхечаьрца.

Т1аьхьарчуьнга шен коьртехь болу бала балхабо Зеламхас. Лоруш волчу 1еламстага дуккха а х1уманах кхетаво халкъан къийсамхо. Коьртаниг – кхарна юкъахь Зезаг бахьанехь зулам иккхича, шина а аг1ор болчара, Делан нийсачу кхиэлаца и г1уллакх къастийнехь, зулам машарца д1адерза тарлора, олий. Цул сов, паччахьан 1едало а зулам даржийтар бен, кхин масла1атна х1ума ца дира.

Бакъдолуш, хорачойн Зеламхин ч1ог1а сагатлуш хилла шен гергара нехан а, дерриге а къоман ледарчу 1ер-дахарна, ша бахьанехь уьш халонаш, 1азапаш, баланаш ловш хиларна.

… Нохчийн лаьмнийн некъахула 1ай йог1уш цхьа пайтон (фаэтон) хилла. Зеламхан обаргийн тобано и саца а йина, т1ера нах охьабиссийна. Царах цхьамма, т1ехь тоьлла кетар йолчо: – Шаьш маьрша нах ду, ахь хоьтту эла Андронников вац тхоьца, - аьлла.

– Хаийтал т1аккха, хьо мила ву? – хаьттина Зеламхас.

– Со илланча Шаляпин Федор ву.

Цо оьрсийн халкъан цхьа сингаттаме илли д1адолийча, Зеламхас иза сацийна: – Теша, ван а ву хьо илланча, и илли суна Грознерчу набахти чохь воллуш, муьжгийн тутмакхаша олуш хезна.

Цул тIаьхьа шен халкъах эхь-бехк хетта, цо кехат яздо инарла-губернатор волчу Михеевга, шех обарг винарш - округан цхьаболу хьаькамаш бу, нахаца харцонаш, ямартлонаш лелош болу, олий. Цуьнца цхьаьна Зеламхас дехар до шех къинхетам бина, ша маьрша витар. Шена дог1у муьлхха та1зар дина, къам парг1ат дитичахьана, х1ара реза хилла 1едална т1еваха.

Эххар Россин Пачхьалкхан Думе (1909-чу шеран август) а дохьуьйту Зеламхас кехат. Юха а цо дехар до, шай, шен ваший, дай, накъостий – бешшехь наноша обаргаш бина цахилар хоуьйтуш, паччахьан 1едалан политика къиза а, ямарт а хилар билгал а доккхуш. Кхуьнан дакъазалла, кхунах кхета стаг вац цхьа а. Дейтта шарахь шен сирлачу сатийсамашца, ша-шена а, шен г1ийлачу къомана маршо хир яцара-те, бохуш, къийсам латтийначу цуьнан ямартлонца Шелан къилбехьа йолчу цхьана к1отарахь 1ожалла хуьлу.

Лакхахь хьахийначу сан лулахочо Тамарас шена хуург дийцира:

– Зеламха тешнабехкаца вийначул т1аьхьа, шен берашца Соьлжа-Г1алара Шела ялийна хиллера тхан ненан нана - докъа т1е х1отта, иза вевзий хьажа. Бабас бераш шен мара а къевлина: – Цхьаммо белхаран «ч1икъ» ма баккхалаш, х1орш кхаьрдар бу вайх,- аьллера. Ма хала киртиг хилла и…

Обарг Зеламхах диъ бер дисинера – ши к1ант – Мохьмаддий, 1умар-1елий, ши йо1 – Медний, Энисат. Т1аьхьара шиъ д1адаханчу б1ешеран 80–90-чуй шерашкахь кхелхина. Хьехархо хилла волу 1умар-1ела вайнах ц1ерабаьхча Веданан к1оштан (х1етахь – Даг АССР-на юкъахь!) КГБ-н хьаькам хилла. Советан 1едалан мостаг1ашна дуьхьал лиэташ валар хилла цуьнан 1947-чу шарахь. Иштта кхелхина Мохьмад а.

Муцураев Олхазар. Яздархо.

abrek.org

Къонахийн лелар: обарг Зеламха а, зандакъойн юьртан да Хидов а
Предания, былины 21 мар, 2025

Къонахийн лелар: обарг Зеламха а, зандакъойн

  Цу белхан цхьа йист яккха 1алашо а йой, обарг...

Д. Аласханов. Зеламхех илли (Видео)
Видео 19 авг, 2023

Д. Аласханов. Зеламхех илли (Видео)

Дешнаш: Денилбек Аласханов Мукъам халкъа...

Зеламхина памятник. (Памятник Зелимхану)
Памятник 20 дек, 2016

Зеламхина памятник. (Памятник Зелимхану)

 Обарг Зеламха. Мел ду¬кха нехаш хьийкхира оцу...

Халкъана довзийта деза. Фильм о абреке Зелимхане
Фильм 20 дек, 2016

Халкъана довзийта деза. Фильм о абреке Зелимхане

 Кху деношкахь Веданахь хабар даьржина вайн...

Гергарчу х1усамехь цхьаьнакхетар.
Семья Зелимхана 20 дек, 2016

Гергарчу х1усамехь цхьаьнакхетар.

 Вайн махкахь г1ара ваьлла вевзаш стаг хилла...

Школехь цхьанакхетар
Семья Зелимхана 19 дек, 2016

Школехь цхьанакхетар

 Декабрь беттан хьалхарчу деношкахь тхаьш нохчийн...



сс

Жизнеописание

ЗелимханАбрек Зелимхан. Краткое жизнеописание

Зелимхан Гушмазукаев, Зелимхан Харачоевский (январь 1872 года — 26 сентября 1913 года) — известный...

ЗелимханХронология жизни абрека Зелимхана

01. 1872 г — В с. Харачой Веденского округа родился знаменитый чеченский абрек Зелимхан...

Лента новостей

ПоэзияАбрек Зелимхан и дуэль без крови (горская притча о настоящем мужестве)

В Ичкерии где-то на узкой тропе Абрека абрек поджидает: - Давай, доставай же винтовку, абрек,...

ВидеоА. Мачуев "Абрек Зелимхан" (фр-т клипа. Гитара). ВИДЕО

В суровых горах Чечни, где каждый камень хранит память о борьбе, имя Зелимхана звучит как эхо...

ВидеоГибель абрека Зелимхана Харачоевского . ВИДЕО

Последний бой легендарного защитника чести и свободы. Зелимхан пал, но его дух остался с народом....

Документы

Документы по теме "Абрек"Рапорт генерала от кавалерии Сухомлинова на имя ЕИВ от 14 ноября 1910 года.

Всех жителей поселков Нелх и Кек в числе 49 дымов (186 душ мужского пола 143 женского), где в...

Документы по теме "Абрек"29.08.1911 г. Протокол осмотра дела об убийстве князя Андроникова

1911 г. августа 29-го дня, гор. Владикавказ. Я, и. д. судебного следователя по важнейшим делам...

Документы по теме "Абрек"1910 г. "Русское слово" о постановлениях относительно Зелим-Хана

Владикавказ, 5. Х. Плоскостные ингушские общины Назрановского округа приняли ряд постановлений...

Абреки

Абреки и мирАлим Айдамак: крымский Робин Гуд, которого ждали.

Он грабил богатых — и раздавал бедным в таврических степях. От полицейских рапортов — к фильмам и...

Чеченские абрекиХьаьжин мурд - обарг Вара

Абрек Вара из известного в Чечне аула Гехи. Популярность Вары была в Чечне столь широкой и его...

Абреки и мирБулла Феликс: разбойник, который дразнил императора

Он грабил — но оставлял жертвам достоинство. «Почему ты стал префектом?» — последний вопрос...

СМИ о нас

СМИ о проекте АбрекВ Интернете появился сайт посвященный Абреку Зелимхану Харачоевскому

 Недавно в Интернете появился интересный проект, посвященный знаменитому чеченцу. Сайт, который...

СМИ о проекте АбрекАбреку Зелимхану Харачоевскому посвятили сайт

Наверное, в Чечне, да и на всем Северном Кавказе не будет человека, который не слышал про движение...

СМИ о проекте АбрекСайту о Зелимхане Харачоевском исполняется год

Наверное, в Чечне, да и на всем Северном Кавказе, не будет человека, который не слышал бы про...

Хроники "Ч"

Знаменитые чеченцыЧеченский религиозный деятель Myса Казим Шоно Шишани (Сирия)

ЧЕЧНЯ. Myса Казим Шоно Шишани - чеченский религиозный деятель, шейх накшбандийского тариката,...

Знаменитые чеченцыПредводитель и военно-политический деятель окоцкого (ауховского) общества Батай-Мурза Окоцкий

Батай-Мурза Окоцкий (Ботай Шихмурзин, Ауховский)(XVI-XVII вв.) известный предводитель и...

Мы в соцсетях

 checheninfo.ru  checheninfo.ru checheninfo.ru checheninfo.ru Ютуб Гордалой  checheninfo.ru Ютуб Гордалой

Ютуб Гордалой checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru

Обсуждают в сети

Видео "Абрек"

Активно читают

Последние файлы

АудиоТурпал Джабраилов "Крепость Ведено" (АУДИО- MP3)

Турпал Джабраилов — чеченский бард и исполнитель, работающий в жанре шансон на русском языке с ярко...

АудиоАбрек Зелимхан и его встречи с отцом (аудиорассказ М.Д. Кажлаева).

Наша справка:  М.Д. Кажлаев — профессор, врач-отоларинголог, выдающийся клинический хирург, зав....

Рекомендуем

Реклама на Checheninfo

Аудиокнига "Дагалецамаш

Аудиокнига М. Бакаров. ДагалецамашМ. Бакаров. "Дагалецамаш" | 19 -г1а дакъа | Атаг1арчу Исалан дийцаран 2-г1а дакъа | (аудиокнига)

Махкат1ера Бакаров Муса харачойн обарг Зеламхех йолу материалаш лехьон волавелла 1940 шарахь...

Аудиокнига М. Бакаров. ДагалецамашМ. Бакаров. "Дагалецамаш" | 18 -г1а дакъа | Жимчу Атаг1арчу Исалан дийцар |(аудиокнига)

Махкат1ера Бакаров Муса харачойн обарг Зеламхех йолу материалаш лехьон волавелла 1940 шарахь...

Аудиокнига М. Бакаров. ДагалецамашМ. Бакаров. "Дагалецамаш" | 17 -г1а дакъа | Миллер Адольфан дийцар |(аудиокнига)

Махкат1ера Бакаров Муса харачойн обарг Зеламхех йолу материалаш лехьон волавелла 1940 шарахь...

Читаемое

АудиоЗелимхан. гр. "Президент" MP3

 Музыкальная композиция "Зелимхан в исполнении группы "Президент" . г. Грозный. MP3...

Документы по теме "Абрек"1913 09.30 - Рапорт на имя нач. Терской области о ликвидации Зелимхана (текст)

Bашему превосходительству доношу: В ночь на 26 сего сентября, зловредный разбойник и религиозный...

Партнеры

Комментируемое

АудиоЗелимхан. гр. "Президент" MP3

 Музыкальная композиция "Зелимхан в исполнении группы "Президент" . г. Грозный. MP3...

СМИ о проекте АбрекСайту о Зелимхане Харачоевском исполняется год

Наверное, в Чечне, да и на всем Северном Кавказе, не будет человека, который не слышал бы про...

Документы по теме "Абрек"Рапорт генерала от кавалерии Сухомлинова на имя ЕИВ от 14 ноября 1910 года.

Всех жителей поселков Нелх и Кек в числе 49 дымов (186 душ мужского пола 143 женского), где в...

Видеоканал "Абрек"