Гергарчу х1усамехь цхьаьнакхетар.

20/12/2016 0 Комментариев 8 599 Просмотров

    


Дочери абрека Зелимхана Вайн махкахь г1ара ваьлла вевзаш стаг хилла обарг Зеламха. Зе¬ламхин йо1 ю Энист. Д-кха хан йоццуш сайца дешархой цхьаьна а болуш иза йолчохь хилира со. Энистца цхьаьнакхета доьлхуш тхан коьрта 1алашо яра 3еламханах долу тхайн хаарш алсамдахар, иза вехаш хил лачу хенахь вайн халкьана юкьахь кхолладелла долу социально-политически дахар к1орггера довзар.

Юьхьарлаьцна 1алашо дика кхо чуш хилира тхан, ч1ог1а хазахеташ т1еийцира тхо Эниста. Тхо Хорачуьра дуй хиьча, ша къена хилар диц а делла, берх1ийта шо кхаьчна йодуш санна, хьийзара иза.

Бераша цуьнан нехан цераш яьхча, Эниста уьш шен ден-дай бу, элира. — Уьш сан гергара нах бу. Шу цу нехан гергарчу х1усаме кхаьчна. Цо дехха хеттарш дира, хьал-де хаа лууш. Цо дечу къамелехь хаалуш дара йоккхучу стеган берех ч1ог1а дог лозуш хилар. Шен дахарехь цунна гин чу халонаша аьгначу цуьнан юьхьа т1е хьаьжча а гуш дара цуьнан деган ойлано кхузаманахь дехачу берашна цкъа а шенчух тера дахар хуьлуьйтур доцийла, шен ницкъ а кхочуш. Цуьнан къамеле ладог1ча а хаьара цунна вайн берийн дахаран кхане ирсе хила лууш хнлар. Тхо дерриге а шен хIусама чу ма кхаьччинехь, гуобаьккхииа охьаховшийра цо тхо. Т1акха долийра цо Зеламханах лаьцна долу шен къамел.

- Ша обарг волчу хенахь маса шо долуш стаг вара Зеламха?— аьлла, Энисте шен хатар дира Зулихас.

— Иза обарг волучу хенахь жима стаг вара Зеламха. Г1еметта х1оьттина стаг вара ала мегар долуш. Амма цхьа х1ума бакъду. Цу заманахь, тахана санна, стаг вина шо билгалдоккхуш дацар а.

—Баба, довзийтахьа тхуна Зеламханан юьхь-сибат, дийцахьа цуьнан куьцах, дег1ах, амалех, — аьлла, дийхира Маликас.

-Дера, сан бераш, книжки т1ехь ч1ог1а 1аьржачу аматехь диллина цуьнан сурт. Бакъду, иза иштта 1аьржа-м вацара. Ц1ен йогуш беснеш а йолуш, буьрса девлла даккхий мекхаш а, ц1оцкъамаш а долуш вара сан да. Ша пхьоьхана воьдуш гуттара а кечлой араволура иза. Т1е г1овтал а юхий, юкъах шаълта а йоьхкий. Доьзалехъ ч1ог1а к1еда-мерза вара Зеламха. Х1инца санна дагадог1у суна иза лулахойн кегий бераш хьоьстуш арахь хиъна 1ийна хилар.Делахь а ,массерал а товш а, куц долуш а вара сан деваша Сол-гамурд. Иза вайнехан ловзарга д1акхаьчча цунна т1ехь соцура аьлла хета сунна цигарчу бер риге а мехкарийн б1аьрг...

- Зеламха обарг валаран бахьана х1ун да¬ра-те? - аьлла, хаттар дира Энисте Йиситас.

Доккха са а даъккхина, жимма соц1унг1а а хилла, Эниста—бабас долийра цу хьокъехъ до¬лу шен дийцар:

- Дера бара, сан бераш, Хушалин хазачу йоь1аи хан кхаьчна самабаьлла безам. Харачохь ловзаргахь гинера вовшашна Солтамурд а, Зезаг а. Массо а жимачу стагана билгалъяьлла хаза йо1 яра Зезаг, ткъа кегийчу нахана ккъахь меххкарша къастийнарг Солтамурд а вара. Бакъ ду, Зезаг ас бехке ца лору Солтамурде ша д1айига, аьлла, шен дагара хаийтарна, х1унда аьлча, шен дас Хушаллас шена ша везачу стаге маре д1алуш яра иза. К1ентан а, йоь1ан а деган лаамаш кхочушхилира, амма уьш беха ца лира: харцоно сиха хьаьшира цаьршинна безам, Тхан х1усамна т1е эхь дог1учу аг1ор д1айигира харцо юьхьар лаьцна арабевллачу на¬ха Зезаг. Цул совнаха, бехк боцуш 1едало бехке а бина, лаьцна д1абигира тхан да Зеламха а, цуьнан да Гушмазукьа а, цуьнан вешин ши к1ант а. Ткьа лаелирий сан дехошка, бехк боцуш, т1ееана юьхьа1аьржо? - ойланашка яхара Энист. — Кхайкхаза еанчу харцоно ваьккхира сан да Зеламха обарг. Цу хенахь а дара олуш вайн дайн кицанехь «Тешна бехк бинчух боь¬ду» — олий. Иштта т1аьхье а хилир кха цу г1уллакхан. Цундела халкъо сий а дина сан дехойн. Сан хьехар ду шуна, сан бераш, шаьш дуьненахь мел деха—беккъа ц1ена цхьаьна нийсонан некъ д1акхехьалашна! Хьанал къинхьегам безар, баккхийчеран сий - ларам бар, бакъонехьа кьийсам латтор, харцдерг ца дийцар, — иштта уьш ду вайнехан г1иллакхаш. Уьш ларделашна шайн дахарехь.

— Баба, хьуна хала-м хир ду дийца хьайн ден д1акхалхарх лаьцна. Ткъа муха,мича бахьанашца нисделира иза кхалхар? - аьлла, хаьттира Хедижата.

— Х1ун дийр ду ткъа?! Массо а адам дала дезаш ду-кха цхьацца шена кхоьллинчу бахьанех Бакъду, сан ден валар ч1ог1а дагахьбаллам болуш нисделир-кха, цу хенахьлера ямартло, тешнабехк, харцо бахьана долуш. Шелахь, шен гергара стаг волчохь, х1усамдас шена теттина пайда хир бу моьттуш к1ело нисйиркха 1едална. Буьйсанна и стаг волчохь 1аш волчу хенахь 3еламхас цкъа а, шозза а аьлла Хилла цуьнга ма реза вац-кха со тховса хьуна, хьо х1инцалц санна, ма вац. Оцу арахь еш йолу г1овг1анашйийраш муьлш бу те? И ж1аьлеш х1унда лета - те ? — аьлла. Амма х1усамдас доцца жоп луш хилла: Цигахь дерг х1умма а дац, парг1ат хила. Карзадхдаьллачу даго, хетарехь, синтем байина хилла Зеламхин. Ц1ачуьра сиха араиккхина иза. НеIарал ара воллушехь тхов т1ера чу топ тоьхна аьтту белш лазийина цуьнан. Амма цу мннотехь Зеламханаялийтинчу тоьпо сиха чуваийтииа тховт1ерниг. Т1аккха катоьхнна бешарчу г1адмойн такхорана т1евахана иза. Амма кертана гуобаьккхина д1ах1иттийнчу паччахьан салташа т1еетта йолийна кхунна тоьпаш. Буьйса т1ех 1аьрж а хиларна ваьлла хир вара Зелам ха царех дукхах йолу шокьалеш шена ца кхеташ. Шен г1евланга г1одмийн ц1ов а биллина, шен вертанан т1ам юьхьа т1е а тесна, ша шена еса а доьшуш, са далар нисделла цуьнан. Цу буьйсанна цунна т1ебаха ца баьхьаш, сахиллалц цунна т1е тоьпаш етташ, 1ийна салтий. Шолг1ачу дийнахь тхан х1усаме баьхкира паччахьан эпсарш тхоьга тешалла дайта: шаьш вийнарг Зеламха ву я вац хаархьама. Цара вийначу Зеламхане хьовса со а, сан йоккхах йолу йиша Мединт а, тхан нана Бици а дахара цига. Дукха халкъ дара цигахь д1ах1оьттина 1аш. Цу халкьана юккьехь 1уьллуш тхан Зе¬ламха а вара. Со а, сан йиша а ч1ог1а йилхира, амма тхан ненан б1аьргех хинт1адам а ца белира. Цуьнан дог ч1аг1деллера 3еламханина бина тешнабехк ла ца луш. Цунна хаьара - цигахь хилла долчу мискачу к Iечу нохчийн халкъан дахар Зеламхин дахарца доьзна дуйла, замано иза шен кеппара д1асалуьстур дуйла, бакъонан лар йоцуш иза дуьсур доцийла. Ткъа иза иштта хила а хилира.

Дикка ладийг1ира оха Энистан дийцаре. Цуьиан дийцаре ладуг1уш тхуна ма-дарра девзира паччахьан 1едало вайн к ъомехь латтийна 1азап, цу 1едалан ямартло. XIара дийцар чекхдоккхуш тхуна Энистана доккха баркалла ала лаьа, цуьнан дахарехь ирс-аьтто хуьлийла лаьа. Иштта лаамаш бу Энистан х1усамна а, цуь¬нан доьзал а лоруш бол чу Харачуьрчу юккъерчу школан дешархойн а, хьехархойн а.

Л. ГАЙСУЛТАНОВ, Xорачарчу юккъерчу школан 6-чу классан куьйгалхо.

СУРТА Т1ЕХЬ: Зелимханан ши йо1 Мединт а, Энист а.

abrek.org

Харачойн Зеламхан во1 1умар -1ела
Семья Зелимхана 20 дек, 2016

Харачойн Зеламхан во1 1умар -1ела

 Харачойн Зеламхан во1 1умар -1ела а вара мискачу...

Школехь цхьанакхетар
Семья Зелимхана 19 дек, 2016

Школехь цхьанакхетар

 Декабрь беттан хьалхарчу деношкахь тхаьш нохчийн...



сс

Жизнеописание

ЗелимханАбрек Зелимхан. Краткое жизнеописание

Зелимхан Гушмазукаев, Зелимхан Харачоевский (январь 1872 года — 26 сентября 1913 года) — известный...

ЗелимханХронология жизни абрека Зелимхана

01. 1872 г — В с. Харачой Веденского округа родился знаменитый чеченский абрек Зелимхан...

Лента новостей

Зелимхан ХарачоевскийЗелимхан сегодня: между мифом, политикой и историей

Как чеченское общество переосмысливает наследие абрека. Герой свободы или «благородный разбойник»? ...

Документы по теме "Абрек"Кто управлял Назрановским округом? Дело №?70: кадры на Кавказе в эпоху империи

Через призму личных судеб. Князь Андроников, будучи гвардейским ротмистром, принадлежал к...

ФильмЗелимхан на большом экране: как фильм по абрека из Харачоя стал всесоюзным событием

Как абрек покорил советские кинотеатры. От Ростова до Москвы: триумф «Зелимхана» в 1929 году...

Документы

Документы по теме "Абрек"Кто управлял Назрановским округом? Дело №?70: кадры на Кавказе в эпоху империи

Через призму личных судеб. Князь Андроников, будучи гвардейским ротмистром, принадлежал к...

Документы по теме "Абрек"Рапорт генерала от кавалерии Сухомлинова на имя ЕИВ от 14 ноября 1910 года.

Всех жителей поселков Нелх и Кек в числе 49 дымов (186 душ мужского пола 143 женского), где в...

Документы по теме "Абрек"29.08.1911 г. Протокол осмотра дела об убийстве князя Андроникова

1911 г. августа 29-го дня, гор. Владикавказ. Я, и. д. судебного следователя по важнейшим делам...

Абреки

Абреки и мирАлим Айдамак: крымский Робин Гуд, которого ждали.

Он грабил богатых — и раздавал бедным в таврических степях. От полицейских рапортов — к фильмам и...

Чеченские абрекиХьаьжин мурд - обарг Вара

Абрек Вара из известного в Чечне аула Гехи. Популярность Вары была в Чечне столь широкой и его...

Абреки и мирБулла Феликс: разбойник, который дразнил императора

Он грабил — но оставлял жертвам достоинство. «Почему ты стал префектом?» — последний вопрос...

СМИ о нас

СМИ о проекте АбрекВ Интернете появился сайт посвященный Абреку Зелимхану Харачоевскому

 Недавно в Интернете появился интересный проект, посвященный знаменитому чеченцу. Сайт, который...

СМИ о проекте АбрекАбреку Зелимхану Харачоевскому посвятили сайт

Наверное, в Чечне, да и на всем Северном Кавказе не будет человека, который не слышал про движение...

СМИ о проекте АбрекСайту о Зелимхане Харачоевском исполняется год

Наверное, в Чечне, да и на всем Северном Кавказе, не будет человека, который не слышал бы про...

Хроники "Ч"

Знаменитые чеченцыЧеченский религиозный деятель Myса Казим Шоно Шишани (Сирия)

ЧЕЧНЯ. Myса Казим Шоно Шишани - чеченский религиозный деятель, шейх накшбандийского тариката,...

Знаменитые чеченцыПредводитель и военно-политический деятель окоцкого (ауховского) общества Батай-Мурза Окоцкий

Батай-Мурза Окоцкий (Ботай Шихмурзин, Ауховский)(XVI-XVII вв.) известный предводитель и...

Мы в соцсетях

 checheninfo.ru  checheninfo.ru checheninfo.ru checheninfo.ru Ютуб Гордалой  checheninfo.ru Ютуб Гордалой

Ютуб Гордалой checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru

Обсуждают в сети

Видео "Абрек"

Активно читают

Последние файлы

АудиоТурпал Джабраилов "Крепость Ведено" (АУДИО- MP3)

Турпал Джабраилов — чеченский бард и исполнитель, работающий в жанре шансон на русском языке с ярко...

АудиоАбрек Зелимхан и его встречи с отцом (аудиорассказ М.Д. Кажлаева).

Наша справка:  М.Д. Кажлаев — профессор, врач-отоларинголог, выдающийся клинический хирург, зав....

Рекомендуем

Реклама на Checheninfo

Аудиокнига "Дагалецамаш

Аудиокнига М. Бакаров. ДагалецамашМ. Бакаров. "Дагалецамаш" | 19 -г1а дакъа | Атаг1арчу Исалан дийцаран 2-г1а дакъа | (аудиокнига)

Махкат1ера Бакаров Муса харачойн обарг Зеламхех йолу материалаш лехьон волавелла 1940 шарахь...

Аудиокнига М. Бакаров. ДагалецамашМ. Бакаров. "Дагалецамаш" | 18 -г1а дакъа | Жимчу Атаг1арчу Исалан дийцар |(аудиокнига)

Махкат1ера Бакаров Муса харачойн обарг Зеламхех йолу материалаш лехьон волавелла 1940 шарахь...

Аудиокнига М. Бакаров. ДагалецамашМ. Бакаров. "Дагалецамаш" | 17 -г1а дакъа | Миллер Адольфан дийцар |(аудиокнига)

Махкат1ера Бакаров Муса харачойн обарг Зеламхех йолу материалаш лехьон волавелла 1940 шарахь...

Читаемое

АудиоЗелимхан. гр. "Президент" MP3

 Музыкальная композиция "Зелимхан в исполнении группы "Президент" . г. Грозный. MP3...

Документы по теме "Абрек"1913 09.30 - Рапорт на имя нач. Терской области о ликвидации Зелимхана (текст)

Bашему превосходительству доношу: В ночь на 26 сего сентября, зловредный разбойник и религиозный...

Партнеры

Комментируемое

АудиоЗелимхан. гр. "Президент" MP3

 Музыкальная композиция "Зелимхан в исполнении группы "Президент" . г. Грозный. MP3...

СМИ о проекте АбрекСайту о Зелимхане Харачоевском исполняется год

Наверное, в Чечне, да и на всем Северном Кавказе, не будет человека, который не слышал бы про...

Зелимхан ХарачоевскийЗелимхан сегодня: между мифом, политикой и историей

Как чеченское общество переосмысливает наследие абрека. Герой свободы или «благородный разбойник»? ...

Видеоканал "Абрек"