Харачойн Зеламхан во1 1умар -1ела
ДАЙДЖЕСТ ПРЕССЫ:
|
Харачойн Зеламхан во1 1умар -1ела а вара мискачу нахе узуш. Д1адаханчу б1ешеран шовзткъалг1ачу шерашкахь иллешкахь вуьцучу Харачойн Зеламхин во1аца доттаг1алла долуш хилла Атиев Сайд-Ахьмад. Бакъонаш ларъяран Урхаллехь болх беш а волуш, ший а кест-кестта теш хуьлуш хилла, гуш лаьтташехь нохчийн къомах болчу нахаца лелош йолчу харцонна. НКВД-н белхалоша шаьш, аьрзаш кхуллуш а, питанаш туьйсуш а, дукха хьолахь бехк боцу нах а лоьцуш хилла.
Т1ехьа-Мартан район прокуратурана 1уналдеш волу Атиев шен кабинет чохь (т1аьхьо Ленинан урамехь цу г1ишлочохь «Чеченский» олу гастроном яра) цхьацца кехаташ кегош воллура цу гуьйренан цхьана дийнахь.
Ц1еххьана, шуьйра не1 йоьллуш, чехкачу боларца чувеара Зелимханов. Шен накъост сингаттаме а, бос байна а хийтира Сайд-Ахьмадна.
Уьш вовшашка хьал-де хаьттина бовлале буйнахь тоьпаш а йолуш НКВД-н кхо белхало чуваьлла.
«Х1ун хилла?» - аьлла, хаьттича эпсаро Атиевна дийцина: «Кху г1ишлон ков-бертехь эскаран духарца хиллачу стага, коьртах х1ума тоьхна, хехо кхетамчуьра а ваьккхина, тутмакх вадийтина, ткъа ша кху г1ишло чохь къайлаваьлла», - аьлла. Оьг1азвахна, Сайд-Ахьмад т1ечевхина: «Ткъа сан кабинета чохь х1унда лоьху аш зуламхо?» - аьлла. НКВД-н белхалой, боха а боьхна, арабевлла. И къамел доьдуш мел ду Зелимханов чубаьхкинчарна букъберзийна 1аш хилла.
Уьш д1абаханчул т1аьхьа 1умар-1елас вела а къежаш, Сайд-Ахьмадна, «обарг» вадийтарна бехке ша ву аьлла, мук1арло дина. Атиев воьхна. 1умар-1елас ша динчух кхетийна иза. Даржаш даха чуьрабуьйлучу чеки-сташа оьрсийн мотт ца хуучу нохчашка, д1алоьцуш, царна доцу бехкаш т1еяздеш, советан 1едална дуьхьал г1уллакхаш дина бохуш, бехкаш «т1елоьцуьйту». Ткьа х1инца xlapa porlepa миска а хилла-кх шен дакъазалла церан карвахна. Цуьнан йохийна юьхь гича, са ца тохаделира шега. Ламеш т1ехь хехо дуьхьалкхетча, цуьнгара топ т1екхетта схьа а яьккхина, хехо кхетамчуьра а воккхуш, цецваьллачу нохчочун буйна шегахь йолу шайнаш кховдош, «Вада!» - ала цхьа м1аьрго бен ца ийшира.
Сайд-Ахьмада шен доттаг1чунна дов ца дира. Шинна а, НКВД-н оьг1азло т1ейоьссича, х1ун хуьлу, дика хаьара, Атиев а, Зелимханов а - ший а нохчо хилар тидме эцча-м муххале а. 1умар-1елас динарг т1ехмайра х1ума дара.
«Уггар къаьхьниг, ¬г1о лаца аьтто а боцуш, даррехь йолчу харцонан теш хьо хилар дара, - дагалоьцу Сайд-Ахьмада 90-чу шерашкахь.
- Стали-нан рожо, чекистийн варзапо хьаьшна бехкбоцу адмаш тахна а зуламхой лору. НКВД-н архивашкара оцу харц-бехкаш т1еяздинчу кехаташкахь Сталинан ларго. Ткьа иза вайн нахана кхоьллина ule д1аяккхалц нохчийн кьоманна т1ехь кхин цкьа а кьизалла йоло бахьна ду».
X1apa зорбане кечйина НГ1АССР-н министрийн кхеташонан (советан) пердсдаталан замститал хилла¬чу Атиев Сайд-Ахьмадан дагалецамашца.
А. АБУБАКАРОВА.
НР-н Правительствен архиван урхаллин лакхара говзанча.
Суьрта т1ехь: Атиев С-А, . Зелимханов (юккъерниг), Костоев М. (1940шо).
Шинара, 27 январь, 2004 шо. №7 Даймохк
0 Комментариев