Къонахийн лелар: обарг Зеламха а, зандакъойн юьртан да Хидов а

21/03/2025 0 Комментариев 132 Просмотров

    


ДАЙДЖЕСТ ПРЕССЫ:

(Обарг Зеламхех лаьцна «Къонахийн лелар» аьлла ц1е йолу дийцар).

Цхьана дийнахь Ножин-юьртан к1оштан Бенан юьртара, Зандакъа юьрта боьдучу новкьахь, паччахьан эскаро к1ело а йина, вен дагахь т1елатар дина хилла Обарг Зеламхийна. Цигахь хиллачу т1амехь боьжна бисна хилла обарг Зеламхий куй. Амма Зандакъарчу юьртан дас Хидовс, куй салташна кара ца бохуьйтуш схьа эцна, къайла баьккхина хилла.

Ткъа, хан-зама яьлча, Обарг Зеламхийна мот-эладита т1е даьхьна боху: «Обарг Зеламханан куй Зандакъарчу юьртан дас Хидовс д1а-са а кхуьйссуш, мира а бетташ, ша къонах велахь д1абахьа вог1ур ву куйнан да, бохуш лелош бу», - аьлла.

Цу белхан цхьа йист яккха 1алашо а йой, обарг Зеламха, шена тешаме хеташ волчу Зандакъара 1иса волчу хьошалг1а веъна. Вовшашка хьал-де а могашалла а хаьттина, дууш - молуш 1аш, вистхилир боху обарг Зеламха: «Дуй хьуна 1иса! Ахь дика ладуг1ийла лаара суна, х1окха сан къамеле! Со тховсу вайн тобанехь сакъоьруш 1айла долуш вац ванне а, х1унда аьлча, Хидовгара цхьа бекхам ца эцча ца волу со. Ша къонах велахь куй д1а бахьа вог1ур ву и бохуш, шен куй мира а бетташ кхуьссуш лелош бу боху цо. Я со вейтина, я и вийна, шиннех цхьаъ цадича ца волу со, х!ун хета хьуна цу хьокъехь?» - аьлла вистхилла Зеламха.

Т1аккха вистхилла Зандакъой 1иса: «Собаре хилалахь Зеламха! Собаре хилалахь Зеламха! Дуй-хьуна, ахь цкъа соьга ладог1алахь, шена дики вевза хьуна и Хидов! Вайшиъ ц1а вовшех дага вер ву цу хьокъехь, т1аккха вовшех дага ваьлча, цхьа диканиг хир ду Дала мукъалахь».

Вовший, дуккха а дагавийларш хиллачул т1аьхьа, вист хилира боху 1иса: «Дика ду делахь, Зеламха! Вайшиъ тховсу 1аржъ ялийтина и Хидов волчу хьошалг1а rlyp ву, шуьшиъ вовшашна юьхьадуьхьал вевзаш а цахилча. Т1аккха хуур дайх вайна баккъалла бакъдерг»,- аьлла. 1исас йинчу юкъарлонна реза хилира боху обарг Зеламха. Обарг Зеламха а эцна, цунах ша волчу веана цхьа хьаша а тарвина, Хидов волчу хьошалг1а вахна 1иса.

Хидов вехачу х1усамийн хьешан ц1ачу ма воллура баьрче оьллина кхаа куйнах б1аьрг кхетта Зеламхий. Царлахь, юккъехь кхозуш шен куй а бевзина цунна. Шена хезнарг бакъ доцийла хиънехь а, ша вовза а ца вовзийтуш 1исайца д1а, х1усамде шуьне охьа хиъна Зеламха а. Т1аккха г1ийла латийна богуш нохчийн чиркх а болуш, дууш дакъийна жижиг а ахьар-галий а долуш, кхо накъост сакъоьруш 1аш, дуй-хьуна аьлла вистхилир боху Зеламха: «Ванах х1усамда! Хидов! Ма цхьабосса товш хаза куйнаш ду хьан баьрчехь, мах ца къуьссуш, царах цхьаъ эца таро хир яркха сан тховсалерачу буса, ахь царах цхьаьнна мукъане а мах ала хьара?» - аьлла.

Дуьхьал вистхилла Хидов: «Гой хьуна Хьаша! Цкъа делахь, генара веана хьаша ву хьо, цу т1е а тхан юьртахочунна 1исайна т1е вуьссина а ву; И кхоьа а куй сайн баьрче бохка оьллина бац аса, д1а хаийла хьайна. Царах цхьанна мах ала а, я бохка а, йиш яц сан! Къонахийн куьйнаш ду уьш. Цаьрга б1аьрг тоьхча, даиман айалой, самукъне хуьлу сан ойла! Сан ден а, де-ден а, ши куй бу, дехьа-сехьа кхозуш берг, юккъехь берг цхьа ша тайпана къонахчуьнан куй бу, сан ден, де-ден куй сана, беза хеташа а бу! Къонахчуьнан куй бухкуш а оьцуш а хила йиш йолуш бац, уьш дуьненара д1а боьвлчи а цаьрца къонахийн амат, куц-сибат лелар ду аьлла хетта су на. Хьо рези велахь, хьоьгара цхьа а мах ца боккхуш, кху юьртахочуьна 1исайн сийнна а, хьо хьаша ларарна а, хьуна совг1атна xlapa сайн куй ло ас!»,-аьлла шен куй белла Хидовс хьешана.

Стагана ша дуьхьал ала ца ваьхьчо, т1аьхьашха хабар кхуллу, элира-бахараш а хазадо. Цхьаволчо мот  - эладита леладо, адмашна юккъехь зулам даккха санна. Хийла кхуьллинчу эладитано, аьллачу дашо, даккхий зуламаш дина меттигаш ю вайн махках. Ишта Обарг Зеламха а, Зандакъойн юьртан да Хидов а, ца везачу наха дуьллина питана хилла кху шинна юккъе. Церан 1алашо хилла xlapa шиъ х1аллак хилийта.

Обарг Зеламха махкана а воьвзаш дики к1ант хилла дели, цуьнан куй мостаг1шна кара ца бохуьйтуш к1елхьара баьккхина хилла Зандакъарчу юьртан дас Хидовс. Иштта ша Хидов вуьззина къонах хилар а, дики к1ант хилар а гойту, цо Обарг Зеламхийн куйнан сий даро. Ткъа иштта Зеламха т1е вуссуш волу хьаша Зандакъойн 1иса, тешаме дика к1ант хилар а гучу доккху. Дахарехь т1е нислочу киртигех цхьа а меттиг яц нохчийн 1адатехь, г1иллакхехь бух боцуш.

Xlopa стага ойла ян еза дош д1а алале хьалха, х1оранна а хаа деза ша х1ун дийца деза. Нийса ойла еш волу стаг шен хьекъалца т1е кхуьур ву ша лело дезачунна, нагахь цо оьздангаллин коьрта лехамаш кхочушбахь.

abrek.org

Л. Абдуланв.
Поэзия 18 янв, 2025

Л. Абдуланв. "Мостагlчунна бина узам"

Харачойн Зелимхина тlаьхьа дукха пхьаьрчий лелла,...

Абдуллаев Леча. Байташ. Хlолламашший, кlарлагlашший
Поэзия 12 фев, 2024

Абдуллаев Леча. Байташ. Хlолламашший,

Шишанахь кхайкхийна наха,(хастаме кхайкхор)...

Зеламхина памятник. (Памятник Зелимхану)
Памятник 20 дек, 2016

Зеламхина памятник. (Памятник Зелимхану)

 Обарг Зеламха. Мел ду¬кха нехаш хьийкхира оцу...

Халкъана довзийта деза. Фильм о абреке Зелимхане
Фильм 20 дек, 2016

Халкъана довзийта деза. Фильм о абреке Зелимхане

 Кху деношкахь Веданахь хабар даьржина вайн...

Вайна гур ву Зеламха! (Мы увидим Зелимхана)
Фильм 20 дек, 2016

Вайна гур ву Зеламха! (Мы увидим Зелимхана)

1988-чу шеран декабрь беттан 5-чу дийнахь...

Гергарчу х1усамехь цхьаьнакхетар.
Семья Зелимхана 20 дек, 2016

Гергарчу х1усамехь цхьаьнакхетар.

 Вайн махкахь г1ара ваьлла вевзаш стаг хилла...


...

Жизнеописание

ЗелимханАбрек Зелимхан. Краткое жизнеописание

Зелимхан Гушмазукаев, Зелимхан Харачоевский (январь 1872 года — 26 сентября 1913 года) — известный...

ЗелимханХронология жизни абрека Зелимхана

01. 1872 г — В с. Харачой Веденского округа родился знаменитый чеченский абрек Зелимхан...

Лента новостей

Абреки и мирИстория встречи Фёдора Шаляпина с абреком Зелимханом.

После чего Шаляпин исполнил на русском языке чеченскую песню о доблестном воине Гамзате. Некоторые...

Документы по теме "Абрек"1907 год Терские ведомости о выселении родственников Зелимхана Хасая Сериева и Элихана Алабаева

Начальник Веденскаго округа полковник Галаев просит распоряжения у начальника Терской области о...

Зелимхан ХарачоевскийАбрек Зелимхан в Парчхой-ауле и чеченские оружейники

Одним из ярких эпизодов, связанных с чеченскими оружейниками, стал визит легендарного абрека...

Документы

Документы по теме "Абрек"1907 год Терские ведомости о выселении родственников Зелимхана Хасая Сериева и Элихана Алабаева

Начальник Веденскаго округа полковник Галаев просит распоряжения у начальника Терской области о...

Документы по теме "Абрек"1911 год. Сириев Хасай. (из "Сведений о представляемых к административной ссылке")

 Хасай Сириев – родственник известному в крае разбойнику Зелимхану Гушмазукаеву. Этот разбойник...

Документы по теме "Абрек"1911 год. Учаров Ибрагим, Иса и Муса (из "Сведений о представляемых к административной ссылке")

 Ибрагим Учаров – родственник известному в крае разбойнику Зелимхану Гушмазукаеву. Этот разбойник...

Абреки

Абреки и мирИстория встречи Фёдора Шаляпина с абреком Зелимханом.

После чего Шаляпин исполнил на русском языке чеченскую песню о доблестном воине Гамзате. Некоторые...

Абреки и мирРотмистр Орлов — русский абрек и соратник Зелимхана Харачоевского

Ротмистр Орлов — одна из самых необычных фигур среди тех, кто примкнул к отряду легендарного абрека...

Чеченские абрекиДва клинка одной битвы: соратник абрека Зелимхана Харачоевского - Аюб Тамаев

Аюб Тамаев — известный абрек, ближайший соратник Зелимхана Харачоевского. Родился в селе Старые...

СМИ о нас

СМИ о проекте АбрекВ Интернете появился сайт посвященный Абреку Зелимхану Харачоевскому

 Недавно в Интернете появился интересный проект, посвященный знаменитому чеченцу. Сайт, который...

СМИ о проекте АбрекАбреку Зелимхану Харачоевскому посвятили сайт

Наверное, в Чечне, да и на всем Северном Кавказе не будет человека, который не слышал про движение...

СМИ о проекте АбрекСайту о Зелимхане Харачоевском исполняется год

Наверное, в Чечне, да и на всем Северном Кавказе, не будет человека, который не слышал бы про...

Хроники "Ч"

Знаменитые чеченцыЧеченский религиозный деятель Myса Казим Шоно Шишани (Сирия)

ЧЕЧНЯ. Myса Казим Шоно Шишани - чеченский религиозный деятель, шейх накшбандийского тариката,...

Знаменитые чеченцыПредводитель и военно-политический деятель окоцкого (ауховского) общества Батай-Мурза Окоцкий

Батай-Мурза Окоцкий (Ботай Шихмурзин, Ауховский)(XVI-XVII вв.) известный предводитель и...

Мы в соцсетях

 checheninfo.ru  checheninfo.ru checheninfo.ru checheninfo.ru Ютуб Гордалой  checheninfo.ru Ютуб Гордалой

Ютуб Гордалой checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru

Обсуждают в сети

Видео "Абрек"

Активно читают

Последние файлы

Книги (файлы)ЭПИСТОЛЯРИЙ. (Некоторые письма абрека Зелимхана)

Безграмотный Зелимхан писал много. Он вовсе не был грамотен по-русски. Немного по-арабски. Перед...

Книги (файлы)Хоруев Ю.В. Абреки на Кавказе (Скачать в PDF)

Настоящая книга представляет собой научно-публицистическое сочинение, в котором рассматривается...

Рекомендуем

Реклама на Checheninfo

Читаемое

Документы по теме "Абрек"Приказ главнокомандующего войсками округа графа Воронцова- Дашкова по поводу убийства абрека Аюба Тамаева

 Перваго марта сего года, на разсвете, казаками 6-й сотни 1-го Кизляро-Гребенского казачьяго полка,...

АудиоЗелимхан. гр. "Президент" MP3

 Музыкальная композиция "Зелимхан в исполнении группы "Президент" . г. Грозный. MP3...

Партнеры

Комментируемое

АудиоЗелимхан. гр. "Президент" MP3

 Музыкальная композиция "Зелимхан в исполнении группы "Президент" . г. Грозный. MP3...

СМИ о проекте АбрекСайту о Зелимхане Харачоевском исполняется год

Наверное, в Чечне, да и на всем Северном Кавказе, не будет человека, который не слышал бы про...

Видеоканал "Абрек"