Л.Яхьяев. Поэма "Харачойн зеламхех лаьцна илли"
ДАЙДЖЕСТ ПРЕССЫ:
|
Шийла дарц хьовзийча, мацалло дарйина,
Ижонна арайолу гила борз санна,
Заманан харцоно кура дог 1овжина,
Лела ма велира Харачойн Зеламха.
1
Суьйренца малх бузуш, маса дин кечбина,
Чал дера ва герзаш шен юкьах дихкина,
Т1ам-1аьржа и верта шена т1е кхоьллина,
Веше лен велира Харачойн Зеламха:
«Хьо лелий валахьа, хьомсара сан ваша,
Цу лаьмнийн ч1аж декош буьрсачу маьхьарца
Нускална орцаха ц1оькъа-лом долийца.
Кхана малх кхетале бертаза и хьаша
Хьан дола ца ялахь, вай нахал довлийца,
«Ваша вешин - пхьу берзан» - аьлла вайн дайша.
Д1абузу дашо малх чубуьзна балале,
Схьакхета дато бутт нур хеца кхиале,
Мохо ва ядийна куьйса кол ва санна,
Юьртах ма иккхира барт болу ши ваша.
* * *
Ма даха вай к1ентий, дош-даше ва даьлла,
Зударша хастийча, къонахий ду, аьлла!
Кхайкхина валийнарг баьрче ва хаийна,
Кхайкхаза веанарг когашкахь сацийна,
Хьомсарчу к1антана нускал ва далийна,
Той дан ша вуьйлира, бах, и кура эла.
2
Хьун луьста ва йолчу генна д1а ва буьйлуш,
Шен жима оьзда дег1 гаьннаш т1е ва къуьйлуш,
Цу хьаннийн 1ин цоьсту къоркхокха ва санна,
Г1абалин т1ам ловзош, шен дайчу боларца
Ловзарна пиллаг хьокху нохчийчун йо1а.
Шен маса ва т1емаш д1аса ва даржийна,
Стигла ша ма-делли - стиглаца ва къуьйсуш,
Махе ша ма-делли - махана кур туьйсуш,
Кхокханна ва теба ша леча ва санна,
Халхаран к1еж туьйсу цу ненан ва йо1а.
Д1атийна юрт 1адош пондаран аз дека,
ГТелвелла вотанча хьацарна къега!
Воккхачу стеган куьйгаш мекхаш т1е кхийда,
Шипонна к1елхьара 1аьржа б1аьрг къеда!
* * *
Ма лолда вай, к1ентий, хетариг ца хилла,
Зуда маре ва яхна, хьекъалах тилла.
1уьйранна долийна той суьйренга даьлча,
Суьйренга даьлла той буьйса юккъе даьлча,
Маларо, набаро нах ийзо ва боьлча,
Шийла мохь белира, бах, сов ц1ийна чуьра!.
3
Хьо 1аьржа ва буьйса, хьо берзан ва буьйса,
Цкъа наггахь мархашхула беттан нур къеда,
Инзаре тийна-таь1на хьун лаьтта буьрса,
Адаман xlyoкхетта цхьа акхаро едда!
Хи к1орга ва долчу маса ва хьийзош,
Хи чехка дуьйлучу динан бергаш ва ловзош,
Чал дерачу герзашна куьг уллохь ва сецош,
Хьомсарчу езарна эхь т1ера даьккхина,
Ц1ехьа ма вирзира и майра ши ваша!
Гора-я1, Зеламха, техкийна хьо ага
Ма деса ца хилла, ма эрна ца хилла,
Яхь йоцчу к1антал а сий дайна йо1 тоьлла,
Цкъа туьро вадийнарг г1ожах а ма ведда.
* * *
Кочачу ва йо1ах лета ва везара,
И хьоьстуш ловзаеш лело ма езара!
Нахана ва хьалха юьхь1аьржа х1оттийна,
Куралла яьккхина чуьра зуда ядийна,
Хинйолчу т1аьхьенна а т1ехтохам ва битна,
Г1ийла ма хаийра вежарша и эла.
4
Тайпана шайн мел верг кхайкхина валийна,
Тайпана мел воцург кхайкхаза веана,
Паччахьан и эпсар тхьамда ва хаьржина,
Ара ма елира хьоладайн арданга.
Ижунна ва теба къена борз ва санна,
Юрт яккхал и герзаш улло ва дехкина,
Гонаха б1аьрг бетташ, доьду са лахдина,
Юелонна хиира яхь яйна и тоба.
Тийначу суьйренца, бузучу малхаца
Ц1естан ва к1удалш пхьарсах ва тийсина
Дезачу духаршца, курачу дегнашца
Пхьоьхана хин йисте мехкарий х1иттина.
Ца моьттуш - х1ун ду те? - ц1еххьана топ ели,
Зеламхин цу вешин мерза са ма дели!
* * *
Ма хуьлда вай, к1ентий, яхь яйна ва riepa,
Нахаца ва стешха, зудчуьнца - дера!
Ма буьрса еца хьо, ма лекха еца хьо,
Т1улгаца йоьттина ва къиза набахти.
Зеламха веца со, маьрша стаг веца со.
Воьрзур вац къарвелла 1аьржачу лахьте!
5
Гуро ша ва лаьцна ц1оькъа-лом ва санна,
Болатан буржалаш оьг1азе декадеш,
Чубахьа ва кхача не1аре лестабеш,
Дарвелла хьийзара Харачойн Зеламха:
«Ма вала дакъаза х1ай, воккха паччахьа,
Цхьана къоман хьайн нах а бахкабо ахьа,
Махкана ва динарг ца дисна ва хьуна,
Ткьа махко ва динарг декхаза хаьа суна!».
Буьйсанна хан яьлча, пен буха аьхкина,
Шен кийрахь кхехка дог кера ва къевлина,
Сема ла ва доьг1уш, доь1у са лахдина,
Шен сирла ва б1аьргаш гонаха хьажийна,
Боданехь цхьанна-ма вела а къежна,
Набахтера ведира Харачойн Зеламха.
* * *
Зуда ва лоьхучунна зуда ва нислойла,
Парг1ато езачунна парг1ато гойла!
Зезагаша къарзийна, олхазарша 1адийна,
Самукъне шовданаш аренца даржийна,
1аламо б1аьрг боьллуш набарха г1аьттина,
Хаза ю Нохчийчоь б1аьстенан юьхьанца.
6
Чекх сагун тушТенаш т1етт1а ва керчаш,
Цу т1улгийн чхарашна оьг1азе пе бетташ,
Текхаргах хьаьрчина, геннара ч1уг етташ,
Ломара схьадолу и шийла Хулхула.
Берд лекха хаьржина, т1улгаца йоьттина,
Яккхийчу тоьпашца, салташца ч1аг1йина,
Еа а маь11ехьа сема ха х1оттийна,
Паччахьан rianлаьтта Хулхулан бердаца.
Тийначу 1уьйренца, г1оттучу малхаца,
Ша махе ваьлла Iapaпаччахьан эпсар,
Курачу дагаца, лепачу герзашца,
Ца вешаш ма дара цуьнан майра 1ер.
Ц1еххьана, - орца дала! - геннара герз дуьйжи,
Йис кхетта rlaсанна, эпсар а ма вуьйжи!
* * *
Дехийла вай, к1ентий, стоггаллех ца духуш,
Мерзаниг даарца, езариг юхуш!
Эхь ма ду, бехк ма бу паччахьан эскарна,
Цхьа акха нохчочо полковник вийна
Обарган корта бог1у эпсарна ч1ирна,
Бохуш лен велира и кура инарла.
7
«Ладог1а ахь соьга, Харачойн Зеламха,
Берриге махкана хьан ц1е ма евза.
Хан-меттиг йиллина герзаца цхьалха
Суна хьо лата дуьхьал вала ма веза!».
Суьйренца божлара дин арабаьккхина,
Терс-маймал дуткъа тур шен юкъах дихкина,
Поп бойна гуьйриг т1е дай леча ва санна,
Ша дина хиира Харачойн Зеламха.
Йиллинчу ва метте вахана д1акхаьчча,
Шена гуо лаца теба салтий а гича:
«Гора-я1, ямарта паччахьан хьо к1еза,
Ца хилла дешан да, ца хилла къонаха,
Ахь йинчу к1елонна вац хьуна со реза», -
Аьлла ша ма вайра Харачойн Зеламха.
* * *
Къийса ва луучун къийса кадолийла,
Эхь дайна вехачун аьтто ма болийла,
Ладог1а ва соьга, паччахьан ва эпсар
Г1изларчу цу банке со вог1у хьуна,
Хуьлда хьоьца ва герзаш, хуьлда ва эскар,
Къонаха хьуо велахь дуьхьал вала суна.
8
Цу Теркан бердашна куьйра санна тебаш,
Эрз луьста нисбелча, сада1а сецаш.
Герзаша кхелина, дойш т1ехь ва техкаш,
К1ентийн тоба йоьдура Теркаца хьала.
Делкъанна хан яьлча, малхо ва еттина,
Киртоьхна ва ц1енош бошмаша хьулдина,
Наггахь бен стаг ца гуш, г1елъелла д1атийна,
Маьрша ма 1уьллура и маьрша Г1излара.
Дезачу духаршца куралла ва сетташ,
Ахчанан ва таппаш киснара схьаг1ерташ,
Вовшашна к1еда-мерза бела ва къежаш,
Купецаш хьийзара цу йоккхачу банкехь.
Вададай - х1ун хилла? - ченан к1ур ма бели,
Г1излара банк яхьа Зеламха чувелира!
* * *
Ма лолда вай, к1ентий, тешам а ва байна,
Харцо т1ех1оьттинчохь стогалла яйна!
Базаран ва майда го лаьцна хадийна,
Шодмашца, тоьпашца нах к1ажа гулбина,
Стаг верг а, зуда а а къиза ва хьовзийна,
Ирча де х1оттийра паччахьан салташа.
9
Г1о оыпуш, rloдоьхуш и шийла кхаъ кхаьчча,
Синметта топ кхетта ц1оькъа-лом ва санна,
Тешаме накъостий т1аьхьа ва х1иттийна,
Орцах ма велира майрачийн и баьчча.
Хьаннашца, тог1ешца, кхехкачу дог1машца,
Г1ебартойн маса дойш чехадеш шодмашца,
Говран ког ловзазчу акхачу некъашца,
Кхоьссина йог1ура и к1ентийн ва тоба.
Аренаш ва цоьстуш, махаца ва къуьйсуш,
Хала са ва доь1уш, стигла к1ур ва туьйсуш,
Йоккхачу г1алара ц1ерпошта схьаг1ертара.
Шийла мохь ва тухуш арахь и сецира,
Купецаш, эпсарш т1ера ва биссийна,
Ч1ир екха велира Харачойн Зеламха.
Ма лела вай, к1ентий, ардангах къаьстина
Бохаман 1уьйренна доьхка а даьстина.
«Стигал вала т1емаш маса деза хьуна,
Уып дац хьан, Зеламха, каравола суна.
Лаьттах ваха м1араш ира еза хьуна,
Уьш яц хьан, Зеламха, к1елависа суна!».
10
«Тешаме топ ю сан маса ва т1емаш,
Ларлолахь хьо цунах, паччахьан инарла!
Дитт дуткъа тур ду сан ира ва м1араш,
И луьра ду хьуна, паччахьан инарла!
Хьаннашца дукха ю акхаройн тобанаш
Цхьана берзан кайолу уьш хьалха лахка.
Дукха ю паччахьан цу салтийн г1еранаш.
Со царна борз еца, уьш хьалхара хахка.».
Яккхийчу тоьпашца цу хьаннийн 1ин декош,
Сийначу молханца ламанан бохь чехош,
Хьоькхучу маьхьарша экаме лерг 1адош,
Гуолаьцна хаийра Харачойн Зеламха.
Инзаре ваьллачохь инарла ма виси,
Зеламха лечкъачохь xlyoа ца диси.
* * *
Ма лолда вай, к1ентий, дог кура де доцуш,
Еза коч юьхийна, элашна доцуш!.
Зеламхин геланчаша ярташ ва сийсайо,
Майрачу къонахийн тобанаш г1иттайо.
Дукха ва 1иллина нох мекха ма доьлла,
1иллинчу ва барзал сема пхьагал тоьлла.
11
Хьоладайн реманаш хьалха ва лаьхкина,
Г1ебартойн маса дойш т1аьхьа ва хаьхкина,
Паччахьан ва эпсарш rlonapaва бохуш,
Гулделла ва даьхни г1ийлачарна доькъуш,
Ахчанан ва таппаш нисйина йоькъуш,
Мостаг1ийн г1еранаш хьалхара идаеш,
Айкхавала ваьхьанарг жоьпе ва ийзавеш,
Мискачу нахана шаып орцах ва буьйлуш,
Ямарта волчунна шийла даш туьйлуш,
Доьзална ницкъ бийриг тоьпаца сецавеш,
Юьртана вуо динарг юьхьдуьхьал вожавеш,
Аренаш ва цоьстуш нийсонца г1аьттина,
Яхь йолчу ва к1ентийн тоба ма лелара.
* * *
С ий дайна д1авер вац сий долу къонаха
Иллешца хеставеш вуьйцур ву и наха.
Ламанца ткъес детташ стигланаш т1ейоьлху,
Буьйсанна хан яьлла эвла 1уьллу тийна.
Хьуьн чуьра бен боьхна берзан к1еза доьлху,
Г1аларт ду и гуш дерг я адам ду дийна?.
12
1аьржачу вертанах къу санна хьаьрчийна,
Т1адийна ва башлакх б1аьргаш т1е ийзаеш,
Кийрара дилхан дог балано 1ийжадеш,
Зеламха тебара шен юьрта лечкъина.
Кешнашна т1екхаьчча, ладоьг1уш сеца и,
Ц1еххьана мохь бели - карахь топ къевли цо.
Сирлачу б1аьргашна гонаха стаг ца ги.
Бодашкахь т1ам тоьхна олхазар г1аьтти.
Гуьйренан ва буьйса, хьо т1уьна ва буьйса,
Д1о-о генна, корехь летта богуш го кьуьда,
Стигланаш т1екъекъа оьг1азе, ва буьрса,
Юкъал т1ех зама яьлла буьйса д1ауьду.
Меллаша кор туьйхи - ц1еннана сема ю,
Зеламха чу вели, чохь бовха кхача бу.
* * *
Х1ун хир ду сел мерза ц1ийнан кхерч боцург,
Дуьххьара ког боккху хьомсара бер доцург?!
Борз г1ийла стенна yrlyгу лакха яьлла?
Ардангах кьаьстина и б1арзъелла лела.
Маьрша стаг х1унда лела обарг а ваьлла?
Паччахьан харцонна и керчаварг ц1ийла!
13
Лахенца хьовзийча, лакхенга вуьйлуш,
Лакхенга шело тоьхча, лахене вуьссуш,
Малх кхетта де хилча, аренаш ва цоьстуш,
Кхоьлина де хилча хьун луьста ва лоьхуш,
Мацалла rlaдууш, хьогалла тхи муьйлуш,
И 1аьржа ва латта вуьжу мотт ва хоьржуш,
Попан шийла орамаш г1овла ва йолуш,
Аренца мох баьлча, шелонна ийзалуш,
Ламанца дог1а деача, вашийна хуьлуш,
Хьуьн чуьра акхарошца баннаш ва къуьйсуш,
Г1а-бецах тешам байна, гонаха хьоьжуш,
Кхерч маьрша ва болчу акхаройх хьоьгуш,
Хьомсарчу доьзална дилхан дог доьлхуш,
Ша ваьлла лелара Харачойн Зеламха.
* * *
Ма даха вай, к1ентий, харцонна к1елдисна,
Стогалла яйина, к1иллочун ц1е йисна.
Дависа хьан дела, малх кхета ва дуьне,
Хетариг ва хилла хьо-м дуург ца хилла.
Цкъа мерза кхойкху ахь винарг санна шуьне,
Юха къаьхьа хуьлу хьо дестечун сила!
14
Буьйсанна хан яьлча, кхолха гуо ва лаьцна,
Мотт хаьдда висаро вахана мотт тоьхна,
Сийдоцчу к1иллонна ахча а ва тесна,
Харцонна елира ямарта и тоба.
Юьйлучу тоьпаша йоккха юрт 1адийна,
1ожаллин к1еж хьийза мостаг1ашна юкъа,
Лелхачу ц1ераша беттан нур г1елдина,
Цкъа тоьлла мохь болу, юха иза лекъа!
«Хьо б1аьрза ма хьийза кийрара дилхан дог,
Цкъа ваха кхоьллинарг валаза ца ваьлла,
Хийла ахь куралла ловзийна динан ког,
Хийла хьо къовсамехь тоьлла юхадаьлла!».
Бух хаьдда поп санна, шийла даш ва кхетта,
Вуьйжира сийлахь к1ант Харачойн Зеламха!.
* * *
Ма диса вай, к1ентий, тешнабехк ва бина,
Т1аьхьено бехк буьллу, эхь долу х1ума дина!
0 Комментариев