Халидов Супьян: Харачойн Зеламха
ДАЙДЖЕСТ ПРЕССЫ:
|
Халкъо шен турпалчу иллешкахь бийцинчу
Къонахех вара хьо, Харачойн Зеламха!
Халкъо шен ширачу дийцаршкахь бийцинчу
Къонахех вара хьо, Харачойн Зеламха!
Къомаца йамарта хиллачу мостаг1чух
Ч1ир оьцуш вара хьо, Харачойн Зеламха!
Ламанан аьрзунах, б1аьрг сирла бара хьан,
Сов нийса топ тухуш, вара хьо, Зеламха!
Мокхаза берд санна, куьг ч1ог1а дара хьан,
Дог майра вара хьо, Харачойн Зеламха!
Мостаг1чо гуо бина, гатвина, хьовзийнчохь,
Борз санна, вара хьо, Харачойн Зеламха!
Йацара маьршачу нахаца ч1ир-гамо,
Догдика вара хьо, Харачойн Зеламха!
Ца дууш, ца молуш, де-буьйса токхура
Акхачу хьаннашкахь, Харачойн Зеламха!
Дай боцуш йисинчу х1усмашкахь буо-берийн
Доладеш вара хьо, Харачойн Зеламха!
Хьайн боцчу бехкана бехк токхуш вара хьо,
Мерза са доьхккина, Харачойн Зеламха!
Мархашлахь гушбоцчу Башломан бохь санна,
Сий лекха дара хьан, Харачойн Зеламха!
Дог 1аббалц, ирс эца кхиаза вара хьо
Жимачу хьайн доьзалх, Харачойн Зеламха!
Хьаннашкахь, лаьмнашкахь толлура лараш хьан
Йамартчу мостаг1чо, Харачойн Зеламха!
Царна-ма моьттура шаьш толам боккхур бу,
Топ тоьхна, хьо вийча, Харачойн Зеламха!
Хьо-м, денлой, г1оттура, дуьйлу герз д1атийча,
Дег1аца нис лой, къар ца ло Зеламха!
Хьан ц1ераш тохкура Нохчийчохь берашна,
Хьох масал оьцура йахь йолчу к1енташа!
Халкъалахь Бакъ-Къонах аьлла, ц1ейахана,
Турпалхо вара хьо, Харачойн Зеламха!
Дуьненахь йаха хьайн сийлахь ц1е йитина,
Эхарта вахна хьо, Харачойн Зеламха!
Ханйаларх, вицлур вац хьомечу халкъана,
Сий лекха хуьлда хьан, Харачойн Зеламха!
Халидов Супьян. 02.06.2020, шинариде
0 Комментариев