Зубайраев Хьамзат. "Зеламхийна ...".
ДАЙДЖЕСТ ПРЕССЫ:
|
Нохчийчохь къизалла йаьржинчу хенахь
Паччахьан 1едало вай х1аллак деш
1а валац парг1ат хьо, хьайн йуьртахь, бенахь
Парг1ато къийси ахь буьрса т1ом беш.
Бехк боцуш къам хьийзош хьоь лан ца лора
Хийла стаг, ламанхо ву цунна теш.
Харцо мел лелош верг вохуьйтуш гуора
Мисканна дог хьести ахь, толавеш.
Г1алара базарахь верх1итта вийча
Дог эца цу нехан дисинчу бай.
Верх1итта эпсар ахь ц1ийлахь ви лийча:
-Хаийта Нохчий шайн дешан буй дай.
Хийла ахь дахарехь халонаш лайна
Цкъа а хьай дег1ана ца лехна там.
Нуьцкъала даьккхинарг дитац ахь хьайна
Мел доккха эскаран цабора хам.
Цундела веха хьо вайн халкъа эсехь
Мел шераш довларх д1а виц а лур вац.
Хьо воцуш тхай дахар хетало деса
Хьо санна къонахий кхин карор бац.
Зубайраев Хьамзат. 15.01.2025 ш.
0 Комментариев