Казбек Янсуков. Обарг Хасухина лерина (байташ)
ДАЙДЖЕСТ ПРЕССЫ:
|
1аьржа буьйса, гомха некъаш,
Хьалха лаьтта к1орга 1ин,
Накъост хилла соьха хьерчаш,
Хьо-м д1алела х1ай сан дин.
1инах хиларх, лома хиларх,
Ца къестийна вай некъаш,
Шийла хиларх, бода хиларх,
Чидам болуш лайна уьш.
Хийла буолар вай идийна,
Мостаг1ашна боьг1на гур,
Гаьурш цоьстуш баттар даьхна,
Болат ч1ог1а г1оьрда-тур.
Лекха лома, шера ара,
Тоьхна вайша хийла берг,
Г1ара - тата хааделча,
Само йолуш хилла лерг.
1аьржа верта махо лоьцуш,
Чехка буолар ахь дина,
Йоккха г1ера т1е нисъелчи,
К1елхьара ахь со ваьхна.
Иштта кхаж вайн х1унда баьлла,
Маьрша дахарх къастийна?!
Со-м лаамза кхиэрчах ваьлла,
Маьрша халкъ сайн хьийзорна.
1азап-балехь къам латторна,
Йилларна сайн махках ц1е,
Махкахь да?ха ца дитарна,
Йайъа г1ерташ къоман ц1е.
Тешаме сан накъост хилла,
Дин ахь б1аьрг хьайх бузийна,
1аьржа верта сан тишделла,
Буолар хьан а г1елделла.
Сайн тур аса батта дуьллу,
Хьо а маьрша боккху ас,
Карх ма доллу ч1ир ас иэцна,
Ца йуьтуш сайн дагна вас.
Тахна гу?р бу суна боьг1на,
Маршо йоьхкуш сан дагна,
Тиэш х1отталахь дин хьо суна,
Деза лур ду са ас д1а.
Апрель 2021 шо. Казбек Янсуков.
0 Комментариев