Къоман сий долу йоI Чантиева Марем (ГИРИЕВА Дагмара, МАГОМАЕВ Салавди)

11/01/2017 0 Комментариев 229 Просмотров

    



ГИРИЕВА Дагмара, МАГОМАЕВ Салавди
/Нохчийн дуьххьарлерчу зудчун-Iилманчин Чантиева Мареман чолхечу кхолламах/
Чантиева Марем нохчийн зударех дуьххьарлера меттан Iилманча, «Нохч-ГIалгIайн йозанан истори» (Соьлжа-ГIала, 1958-гIа шо) аьлла болчу боккхачу белхан автор яра. Шен дахаран доьзткъе уьтталгIачу шерашка йирзина йолу иза а, цуьнан йоI а (хIетахь Зоин 65 шо дара) 2000-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь буьрса тIемаш хиллачу деношкахь ЦIечу фронтовикийн урамехь «Салон красоты» олуш хиллачу цIеношна юххехь цхьа а бехк-гуьнахь а доцуш, дуьххьалдIа хазахета тоьпаш тоьхна, йийра Россин салташа.
А. Кусаевн «Нохчийчоь: шераш, адамаш» цIе йолчу киншки тIера.
Хала ду вевзаш, даггара везаш хиллачу, юххера цхьана йоццачу ханна юьстахваьлча санна, дагахь а доцуш къаьстинчу стагах лаьцна дийца. Къаьсттана хала ду, республикехь а, дозанал арахьа а гIараяьлла евзаш хиллачу, нохчийн зударех дуьххьарлера меттан Iилманчех, нохчийн исбаьхьа хаза, оьзда, кормате зударех цхьаъ хиллачу Чантиева Маремах лаьцна яздан. Амма, хIокху материалан авторийн декхар мелла а аттачу даьккхира, цу башхачу зудчух лаьцна дийцар цара Марем дийна йолуш, иттаннаш шераш хьалха долийна хиларо.
– ЧIогIа безамехь яра и, генна къона йоцу зуда. Шен йолчу хенал мел лаххара а ткъа шарна къона хетара иза: куьцехь а, йистхилар хаза а, кIеда-мерза а, леларехь каде а йолуш. Тхо къамел деш ду цуьнан хIусамехь. Чоьнаш цIена а, самукъане а ю. Мебелан, кузийн, хрусталан меттана, массанхьа а киншкаш ю. Муха долу ца хууш къамелехь дIаделира де.
– Марем, хьо массарна а евзаш стаг ю. Хьоьца къамел дан хала ду. Хьоьга дан дукха хеттарш ду тхан, муьлхачунна тIера дIадолор ду а ца хаьа тхуна-м...
ДуьххьалдIа хеттарш деш, царна жоп луш, деккъа къамел ца нисделира тхан: дехха, чулацаме гергарлонан дагардийцар хилира. Тхуна хьалха схьаделладелира дуккха а болчарна наггахь бен хуьлуш йоцчу къонахаллин, стогаллин къеггина йолу билгало хилла дIахIотта тарлуш долу цуьнан дерриге а башха дахар. Адам дезар, комаьрша хилар, шена г1оле ца лоьхуш, догдика хилар, мичча хенахь а нахана г1о дан кийча хилар. ХIора де гIуллакхех дуьзна долчу дахарехь – иза шен коьрта декхар лорура цу оьздачу зудчо. Цуьнца цхьаьнакхеттачул тIаьхьа хIоразза а бIаьргашна хьалха лаьтта шайна бицбаларна кхоьруш, иза евзачара шайн дагахь латтош болу хаза мукъам санна долу зудчун исбахьа хаза юьхьсибат.
Чантиева Марем... Цунах лаьцна дешний аш, хезний шуна? ХIаъ, хIаъ, Кавказан Маьлха-Аьзни, 30-чу шерийн гIараяьлла евзаш хилла хазаниг... Марем йина 1916-чу шеран мартехь, Хьалха-МартантIехь. 1936-чу шарахь цо Москвахь Центральни Iилманан-талламан педагогически институтехь (ЦНИПИ) чекхъяьккхира аспирантура. Цул тIаьхьа Соьлжа-ГIала юхаеара иза. Кхузахь историн, меттан, литературин Iилманан-талламан институтехь Iилманан белхахочун, цул тIаьхьа мотт талларан отделан заведующин болх бан йолаелира иза, оццу хенахь институтан директоран декхарш кхочуш а деш.
1939-чу шарера 1943-чу шаре кхаччалц М. Чантиева Нохч-ГIалгIайн Республикин серлонан нарком яра. 1962-чу шеран бIаьста цунна, нохчийн къоман зудчунна, Москвахь ло филологически Iилманийн кандидатан диплом, ткъа республикехь Нохч-ГIалгIайн АССР-н Iилманийн сийлахьчу гIуллакххочун цIе туьллу цунна. 30-чу шерашкахь дIадоладо цо лингвистикин, литература талларан декъехь шен Iилман белхаш язбар. Уьш дуккха а бара – нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь. ХIорш бу царах цхьаберш: «Нохч-ГIалгIайн йозанан истори», Соьлжа-ГIала, 1958-гIа шо; «Нохчийн литературни меттан аьзнийн хIоттам а, алфавит, орфографи шаръеш-тояран гIуллакхаш а», Соьлжа-ГIала, 1960-гIа шо; «Нохч-ГIалгIайн литературин историн очерк», Соьлжа-ГIала, 1963-гIа шо; «Нохч-ГIалгIайн литература хьалхарчу юьххьехь», Соьлжа-ГIала, 1964-гIа шо; «Заманхочун сибаташ а, Нохч-ГIалгIайн исбаьхьаллин литературин проблемаш а», Соьлжа-ГIала, I967-гIа шо.
ТIаьхьо Марема арахийцира нохчийн литература хьехаран бух буьллу цхьамогIа методикаш. Царна юкъахь яра: «Нохчийн литература хьехаран методика», Соьлжа-ГIала, 1987-гIа шо; «5-чу классехь нохчийн литература хьехар», Соьлжа-ГIала, 1989-гIа шо; «Нохчийн литературин урокашкахь дешархойн къамел кхиор а, классал арахьа цаьрца болх бар а (5–8-чуй классашкахь)», Соьлжа-ГIала, «Книга». 1992-гIа шо. Юккъерчу ишколашна лерина нохчийн литературех лаьцна кхин а дуккха а методикаш арахийцира Марема.
1977-чу шарахь Москвахь «РСФСР-н къоман ишколашкахь ненан меттанаш а, литература а Iаморан гIуллакхаш» гуларехь зорбатуьйхира М. Чантиеван «Нохч-ГIалгIайн ишколехь ненан меттан литература хьехаран методика кхиоран хьокъехь» статья. КхидIа яра юккъерчу ишколан 5–8-чуй классашна лерина нохчийн литературехула йолу дуккха а учебникаш. Мареман тIаьххьарлера болх нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь арахийцира 1992-чу шарахь, «Нохч-ГIалгIайн литературин историн очеркаш» аьлла цIе а йолуш.
Мареман-Iилманчин дуккха а белхаш тахана а доккха маьIна долуш бу, хIунда аьлча, цара вайн хIинцалерчу алфавитан кхачамбацарш билгалдохуш хиларна, аьлча а, цу белхашкахь далош ду вайн алфавитехь доцуш долу аьзнаш.
Дукха хенахь дуьйна ша пенсехь йоллушехь, Марема тесна ца битира Iилман болх, дIадаьхьира учебникаш а, методически пособеш а язъяр. Мареман белхашка хьуьйсуш, ларамза тидам тIебахара стоьла тIехь Iуьллучу «Ленин Россин кхолламашкахь» цIе йолчу Германехь арахецначу А. Авторхановн киншкина. Цуьнан хьалхарчу агIон тIехь яра автограф: «Хьомечу йишина Чантиева Маремана вешера санна. Авторханов Iабдурахьман. 27.08.1992-гIа шо».
Цунах лаьцна шега хаттар дан ойла йолуш хиларх кхетта, Марема элира:
– И совгIат суна Iабдурахьмана даийтина цхьана накъостехула.
– Ткъа Iабдурахьман мичара вевза хьуна?
Марем Москвахь доьшуш йолчу хенахь цунна вевзира тIаьхьа гоьваьлла политолог хилла волу Авторханов Iабдурахьман. ХIетахь иза ЦIечу профессурин институтехь доьшуш вара. Кегийрхой цхьаьнакхетара студентийн синкъерамашкахь. Цара доккха хьашт хиларца дийцаре дора нохчийн къоман культура, искусство, меттан а, литературин а истори кхиоран гIуллакхаш, вовшашка юьйцура къоман йоза кхолларх лаьцна йолу шайн ойланаш.
I. Авторхановна дика евзара нохчийн фольклор – халкъан иллеш, турпалхойх лаьцна дийцарш, истори, литература. Iабдурахьманна дукха а езара, цо лаккхара мах а хадабора оьрсийн классически литературин. Иза хьанал, оьзда, кхетам болуш стаг хиларца къаьсташ вара.
ТIаьхьа, Соьлжа-ГIала юхаеанчул тIаьхьа, серлонан нарком йолуш, лаьцна хиллачуьра цIа веанчу I. Авторхановн дехарца Марема куьг яздо иза Теркан РОНО балха хIотторан хьокъехь болчу сацамна тIе (I. Авторханов ша Теркйистера вара). Цу сохьта «доттагIаша» цунна мотт туьйхира. Бериян заместитель хиллачу Серовс тIедилларца КГБ-с лаьцна, хIаваакеман тIехь Соьлжа-ГIалара Москва дIайигира Марем. Ворх1 баттахь гергга Лубянки чохь яллийра иза. Дозанал арахьа дIаваха Авторхановна гIо дина аьлла бехке еш яра М.Чантиева. И хан дIаяьллачул тIаьхьа, Марема чуйоьллина яьккхина хан хьесапе эцна, леррина йолчу кхеташонан сацамца паргIатйоккху М. Чантиева, олуш ма хиллара, тIемаш а хедош. ХIетахь партера а дIаяьккхира (меттахIоттийра 1955-чу шарахь).
Соьлжа-ГIалахь 1943-чу шарахь НКВД-с юха а чуйоьллира. Иза халкъах къастийра нохчий, гIалгIай махках, цIийнах баьхна, дIабахийта кечамбеш цуьнга новкъарло ца яйтархьама. 1944-чу шарахь Марем шен халкъаца цхьаьна махках яьккхина, Казахстане яхийтира.
Дахарехь нислучу халонаша – Москвахь набахти чохь йоллуш а, махках яьккхина, Казахстане дIаяхийтича а, къар ца йира Марем: керлачу меттехь жигара юкъаяхара иза юкъараллин дахарна. Алама-Ата гIалахь берийн бешан заведующин болх бо цо, ГОРО-н декъашхо хоржу. ДIадаханчу бIешеран шовзткъе уьтталгIачу шерашкахь Казахски ССР-хь Марем «Казахски ССР-н халкъан серлонан отличник» аьлла цIе тиллина дуьххьарлера нохчийн зуда яра. Ткъа даймахкахь, цIера баьхна хилла нах цIа бирзинчул тIаьхьа, кандидатски диссертаци чекхъяьккхинчу нохчийн зударех дуьххьарлерниг а яра Марем.
Иза тIаьхьо дара. Ткъа цул хьалха... 1934-чу шарахь Марем Магомаев Хасмохьмаде маре яхара. 1936-1937-чуй шерашкахь Хасмохьмад «Серло» газетан редактор вара, ткъа цул тIаьхьа Нохчийн къоман театран директор. Москвахь и шиъ Садово-Спасски урамехь Iийра, вовшийн девзинера ЦНИПИ-хь аспиранташ долчу хенахь. Башха ши адам дара и шиъ, гуттар а царна юххехь хуьлура уьш санна кхетаме, керланиг лоьхуш, шайн гIуллакхана тешаме долу адам.
– Сайн цIийндеца тхойшиъ Москвахь дехаш долчу хенахь, – дагалоьцура Марема, – ша столице командировкехь волчу хенахь тхоьга кест-кестта вогIура Гайрбеков Муслим. И стаг вайн халкъана дика вевзаш вара. Нохч-ГIалгIайн республика меттахIоттоле хьалха Казахстанехь республикин Компартин ЦК-хь инструкторан болх беш вара иза. Вайн республика меттахIоттийна, нах цIа баьхкинчул тIаьхьа республикин Министрийн Советан председатель хIоттийра М. Гайрбеков. ЧIогIа оьзда, дика стаг, хьанал къинхьегамхо вара иза. Х1етахь цо дуккха а г1уллакхаш дира республикин экономика меттах1отторна, нохч-г1алг1айн халкъан дахар тодарна. Цо боккха тидам тIебохуьйтура иштта культура кхиоран гIуллакхашна а. Тхоьгахь кест-кестта хуьлура Татаев Ваха а. Иза вай цIера а дахале хьалха дуьйна искусствин гIуллакхашкахула йолчу урхаллин куьйгалхо вара. Дика доттагIалла дара Мамакаев Мохьмадца а, Музаев Нурдица а, бевзаш болчу кхечу яздархашца а.
Казахстанан Компартин ЦК-хь вовшахтуьйхира Москва яхийта лерина комисси. Столицехь КПСС-н ЦК-хь дийцаре деш дара Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIотторан хьокъехь долу гIуллакх. Цу комиссина иштта юкъаяхийтира Чантиева Марем а. Иза цу юкъахь цхьаъ бен йоцу нохчийн зуда яра. Марем цу хенахь боккха сий-ларам болуш яра...
Марем Соьлжа-ГIала еара 1956-чу шарахь. Кхузахь цо болх бира хьалха дуьйна иза кхиорна ша йоккха хазна юкъайиллина хиллачу Iилман-талламан институтехь. Цигахь иза, 1971-чу шарахь ша пенсе яххалц, директоран Iилманехула йолу заместитель яра. Ша пенсе яханчул тIаьхьа Марема кхидIа болх бира РСФСР-н серлонан министерствон къаьмнийн ишколийн Iилман-талламан институтан Соьлжа-ГIаларчу филиалехь.
Чантиева Марем Нохч-ГIалгIайн республикин Iилман сийлахь белхахо, филологически 1илман кандидат, къинхьегаман ветеран, персональни пенсионер яра.
1991-чу шарахь тIаьххьара а арабевлира «шайна дуьхьал политически таIзарш динчу нехан бакъонаш юхаметтахIитторан хьокъехь» болу Марема шега чIогIа сатийсина сацам. Иза гергга хьакхалуш бара Чантиева Мареман дахарх. Цу сацамо синпарг1ато еара Маремана.
Иштта бара М. Чантиеван сирла кхоллам.
Шен дахар ирсе хилла аьлла хеташ яра Марем. Гуттар а шен юххера гергарчу нахаца – йоIаца, йоьIан кIантаца, невцаца яра Марем. Царах йоккхаеш, сакъералуш, хаа ца луш дIаоьхура цуьнан дахаран шераш. Башха дара Мареман деригге а дахар.
Наха тамаш барца сийдо ишттачу адаман. Уьш дукха ца деза йиш яц, лаккхара мах хадо беза церан дахаран хIора кийсакан, хIунда аьлча, къинхьегамах, синтем цахиларх, эшамех, кхерамех дуьзна долчу хIора дийнахь шайн граждански декхар кхочушдеш, хьалхахьа дIаоьхуш уьш хилла хиларна. Иза Нохч-ГIалгIайчоь кхоллаелла дIахIуттучу хьалхарчу юьххьехь кхоллараллин беза мохь шайн белшаш тIехь дIакхехьначу вайн интеллигенцина юкъахь яра. Марем вайн йоза-дешар а, литература а кхоллархойх цхьаъ яра.
Дуьххьарлера газета. Дуьххьарлера киншка. Ненан маттахь дуьххьарлера ишколан урок... Цу дерригенан а хьакъ ма-дду мах хадалур болуш бустам бан а бац!
Замано вегор цхьабосса лан хьуьнар долуш массо а вац. Коьртаниг ду къарвелла, юха цавалар, ойла цакерчар. Иштта адам вайн дукха дацахь а, амма долуш ду. Уьш гIарадуьйлуш, трибунаш тIера даккхий хабарш дуьйцуш, цхьана а хIуманах дозаллаш деш дац. Шайн амалца, леларца и адам чIогIа оьзда, хила ма-безза культурин, бакъонца интеллигенцин векалш бу. И санна долчу адаман дахарехь сий дан деза, царах лаьцна дуккха а, кест-кестта а яздан деза. Иза вайна массарна а оьшуш ду.
* * *
ХIара материал язйинчул тIаьхьа ткъех шо хан яьлла. Хьанна моьттура Мареман ирсе, къегина хилла дахар бохамца хаьддачул тIаьхьа иттаннаш шераш девлича цунах лаьцна долу дийцар кхидIа а дIадаха дезар ду аьлла. Амма иза яздан дийзи. Заманан йохалла богIу адамийн кхолламаш орамашкара хуьйцуш болу, вайн нисбан таро йоцу, ткъа цкъацкъа бохамца боьрзуш болу муьраш. Иштта кхоллам боьгIна хиллера Мареман доьзална а.
Чантиева Марем хIокху авторех цхьаннан ден вешехь, Магомаев Хасмохьмадехь хилла яра. Мареман йоI Зоя сан ден вешин йоI яра. Хасмохьмаддий, Мареммий вовшех къаьстина иттаннаш шераш хан яьллехь а, амма цу доьзалан дахар тхуна дика девзаш а, тхан дахарца герггара дозаделла а дара. Цундела тхуна дакъа кхочуш дара цу доьзалехь хилла дика а, вуо а.
1994-чу шарахь цомгаш хилла, гуьйранна кхелхира Соьлжа-ГIалара центральни базарна гена йоццуш хиллачу мачаш ечу «Башмачок» цехан хьаькам хилла волу Зоин цIийнда Эльберд. Оьзда, комаьрша, дахар, шен доьзал дукхабезаш вара иза. Иза дIаволла кхиира. Амма цу суьйрана Теркйистера Авторхановс куьйгалла деш хилла эскархой Соьлжа-ГIали чу а баьхкина, шолгIачу дийнахь тезет хIотто таро ца хилира. Иза, стаг валарал а сов, доккха тохар дара.
Деанчу вуонах доьзал мелла а меттабан кхиале I996-чу шеран августехь Соьлжа-ГIалина федеральни авиацино бомбанаш а, ракеташ а еттачу хенахь гIали юккъехь цхьана цIийнан подвала чохь Iаш хIаллакьхилира Мареман йоьIан кIант Гиви а, цуьнан доттагI а. Гиви ден-ненан цхьаъ бен воцу кIант вара. Цундела царна а, ненан нанна а дукха а везара. Иза царна муьтIахь, оьзда кIант вара, Къилбаседа Х1ирийчоьнан медицински институт чекхъяьккхина, говза лор а вара Гиви.
Доккха вуо деънера Мареме а, Зое а. Цара чIогIа хала ловра иза. 1999-гIа шо чекхдолуш юха а тIом болабелча шайн хIусамна, кхо шо хьалха кIант кхелхинчу меттигна генадовла ца лаьа бохуш, республикера дIаяха ца лиира нанний, йоIаний. Ур-атталла шайн гергара нах бехаш хиллачу Калининан поселке мосийтазза дIайигича а, цигахь Iен ца туьгуш, гIали юккъерчу цхьана цIенойн подвала чу схьайогIура и шиъ.
ТIаьххьара а хаам кхечира Мареммий, Зойий йийна аьлла. Иза муха нисделира талла доьлча, дуьйцуш дерш тайп-тайпана дара. Амма гиначара чIагIдеш дерг цхьаъ дара – федеральни эскарийн авиацино хаддаза тIееттачу бомбанех а, ракетех а бевдда, дукхазза а тIекIелдинчу цIенойн подвалаш чохь левчкъина болчу маьршачу бахархойн тобанца цхьаьна наний, йоIIий герз тоьхна йийнера дукха баланаш лайначу вайн республикехь конституционни къеп хIотто баьхкинчара.
Гиначара дийцарехь, салташа тоьпаш тоьхна, байъинчарна юккъехь бара нохчийн къомах болчарал сов, оьрсий а, эрмалой а, кхечу къомах берш а. Схьагарехь, доьзткъе уьтталгIачу шерашка йирзина йолу Марем а, кхузткъе уьтталгIачу шерашка яьлла йолу цуьнан йоI Зоя а пачхьалкхана боккха кхерам болуш ю аьлла хеттачух тера ду салташна.
Дуьхьало ян карахь герз доцуш, кIелхьарабовла я таро а, я ницкъ а боцуш болчу зударшца тIом бан атта ма ду. Доцца аьлча, цаьрца нисделларг а дара цу хенахь вайн республикерчу дуккха а болчарна тIехIоьттина хилларг. Хилира хийца, нисдан, тодан таро йоцург.
Иштта бохаме хедира цу башхачу зудчун, Чантиева Мареман, цуьнан доьзалан сирла дахар. Кхелхира цуьнан беригге а доьзал.
Дала гечдойла царна!
Источник:: журнал "Нана"

Источник: ИА "Чеченинфо"

abrek.org

Ахмат Мациев  - талант, отданный народу
Знаменитые чеченцы 11 янв, 2017

Ахмат Мациев - талант, отданный народу

 В истории русского предпринимательства есть немало моментов социальной значимости. Так, купеческая...

Добавить комментарий

Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив

Жизнеописание

ЗелимханАбрек Зелимхан. Краткое жизнеописание

Зелимхан Гушмазукаев, Зелимхан Харачоевский (январь 1872 года — 26 сентября 1913 года) — известный...

ЗелимханХронология жизни абрека Зелимхана

01. 1872 г — В с. Харачой Веденского округа родился знаменитый чеченский абрек Зелимхан...

Лента новостей

Деятели культуры, искусстваКрупнов Евгений Игнатьевич и Умар - Али Зелимханов

Известный советский археолог и кавказовед, доктор истори-ческих наук, профессор Евгений Игнатьевич...

ФильмЛадо Бестаев и фильм Абрек Заур. Снят 1926 году

Исторический фильм "Абрек Заур". Снят 1926 году. Премьера "Абрека Заура" состоялась 29 марта...

Зелимхан ХарачоевскийЗелимхан и Ингушетия

Многие годы ингуши укрывали Зелимхана и его семью, давали им кров и пищу, подвергая себя...

Документы

Документы по теме "Абрек"1913 09.30 - Рапорт на имя нач. Терской области о ликвидации Зелимхана (текст)

Bашему превосходительству доношу: В ночь на 26 сего сентября, зловредный разбойник и религиозный...

Письма Зелимхана1912 - Письмо Зелимхана Наместнику ЕИВ о Булгарове (текст)

На поданное мною письмо Вы не изволили потрудиться распорядиться о принятии мер по освобождению из...

Письма Зелимхана1912 - Официальное заявление Зелимхана на имя Наместника ЕиВ (текст).

Мне стало известно из газеты " Терек", что Исмаил находится под стражею за преступление,  т.е....

Абреки

Кавказские абрекиХочбар Гидатлинский

Хочбар Гидатлинский- предводитель «вольных обществ» Дагестана - герой аварского фольклора, храбрый...

Чеченские абрекиГазиев Хамид (Хамад) - народный мститель

Газиев Хамид (Хамад) - народный мститель, который действовал с 1944 по 1956 год он совершал акции...

Кавказские абрекиАбрек Заур

Заур Амбалов, выходец из осетинского селения Какадур Даргавского ущелья, стал абреком по очень...

СМИ о нас

СМИ о проекте АбрекВ Интернете появился сайт посвященный Абреку Зелимхану Харачоевскому

 Недавно в Интернете появился интересный проект, посвященный знаменитому чеченцу. Сайт, который...

СМИ о проекте АбрекАбреку Зелимхану Харачоевскому посвятили сайт

Наверное, в Чечне, да и на всем Северном Кавказе не будет человека, который не слышал про движение...

СМИ о проекте АбрекСайту о Зелимхане Харачоевском исполняется год

Наверное, в Чечне, да и на всем Северном Кавказе, не будет человека, который не слышал бы про...

Хроники "Ч"

Хроники "Ч"2015 г. 30 причин (из 600) Р. Кадырова в китайском вопросе...

Буквально год с лишним назад (в 2015 - ом) в новостных лентах появились сообщения о том, что РОФ...

Хроники "Ч"1937 - 1960 гг.. НКВД и реабилитция "Петимат".

С позиций сегодняшнего дня пьеса "Петимат" (да и все творчество С. Бадуева в целом) смотрится...

Поделиться

Видео "Абрек"

Последние файлы

АудиоТим Скоренко. "Последний абрек".

 Тимофей Юрьевич Скоренко (род. 28 февраля 1983 года, Минск, Белорусская ССР) — современный...

Книги (файлы)Н. В. Маркелов «Поговорим о бурных днях Кавказа…»

Книга посвящена кавказской истории, в основном - драматическим военным событиям XIX века,...

Популярное

Рекомендуем

checheninfo.ru

Читаемое

ПамятникНохчийн или просто Чечня. Зелимхан Харачоевский. Фоторепортаж

 Зелимхан родился в конце 19 века в ауле Харачой. Он был самым обычным человеком, но произошло...

Зелимхан ХарачоевскийАбрек Зелимхан и отражение сведений о нем в документах российских правоохранительных органов в начале XX в.

  В статье на основе изучения архивных материалов рассматривается деятельность правоохранительных...

Партнеры

Комментируемое

ПамятникНохчийн или просто Чечня. Зелимхан Харачоевский. Фоторепортаж

 Зелимхан родился в конце 19 века в ауле Харачой. Он был самым обычным человеком, но произошло...

ПамятникПоследние строки трилогии А.Айдамирова «Буря»

 Соседние народы как зеницу берегут свои исторические и культурные памятники. Древние строения,...