Л. Абдуланв. "Мостагlчунна бина узам"
ДАЙДЖЕСТ ПРЕССЫ:
|
Харачойн Зелимхина тlаьхьа дукха пхьаьрчий лелла, амма наггахь гила-борз а йогlуш хилла цуьнан лорах. Сийдолу обарг вийначу деношкахь ишиттачех цхьамма узам бинера, боху. Заманан хиэ даьхьна цу узаман дош. Амма лаьмнийн дагахь дисна. Ахь дикка ладоьгlча схьа хеза и...
Шен динан хьуьнарех динбере санна,
Хьан хьуьнарш дуьйцучохь воккхавийнера.
Къуйшна ца летачу пхьаьрчашна санна,
Хьо нажжаз ца вечу дагна лийнера.
Тlебаккхал хьаьхна хьох шен буьзна бlаьрг а,
Хьо тайна ойла а хилла син кхардам,
Хlун некъаш дара, хьовх, ша идадирарш,
Уьш мича товжа кху доьхначу дийнахь?!
Зеламха вийна, тов! Дуьне-яl, маржа!
Цу пханарш юккъе ткъес туьйхи цу кхоо?!
Хьо ларо яра, ткъа, шен нийса мажар,
Шаьлта а цхьа ира яра хьо кхоо?!
Амма, ва Зеламха, лаьмнех къа хьаьрчи:
Гила-борз ели',тов, гиэжа (къиэжа), тов, пхаьрчий!
Зеламха, Зеламха! Куьг хьан нисдина,
Къилбехьа верзийнарг хьо мила вара?
Тlаьххьара ши бlаьг хьан дlа хьан къевлира,
Хьан ийци белшаш тlе къонахчун барам?
Гlергlийла-кх стигланаш, лелхийла-кх латта.
Зеламха, хьайх воьлхург мила ву, хатта!
Лоьмана тиэбаш лом хьуна дайнерий?
И лом ша дарийца - хьо лаьтте вехна.
Куьйранна мохайеш куьйра дайнерий?
И куьйра ша дара, - хьо стиглахь лехна.
Хьо-м пхьарчийн кlезаша цоьсту вацарий.
Хьан къинна белха лам, регlаца - арей.
Хьан къинна велха-кх ша, хьан дика мостагl.
Хьуна мял хила-кх шен сел холчахlоттарх!..
Тlебаккхал хьаьхна сел хьох буьзна бlаьрг а,
Хьо тайна ойла а хилла шен кхардам,
Хlун некъаш дара, хьовх, ша идадинарш,
Уьш мича товжа кху доьхначу дийнахь!..
/ Ав. - Абдуллаев Леча/
0 Комментариев