Главная > Родина абрека. > «Шовда-ч1аба» (Девичья коса)» шовданан ц1е муха кхоллаелла
«Шовда-ч1аба» (Девичья коса)» шовданан ц1е муха кхоллаелла20.-05.-2025, 11:17. Разместил: abrek |
Къоьзан Iома тIе воьдучу некъаца ду и шовда. Кхузахь массо а хенахь адам хуьлу — тIехволучунна хIоранна а лаьа, кхузахь сецна, Iаламан хазаллах марзо эца а, шийла шовда мала а. Веданан кIоштарчу Хорача юьртана къилбаседа-малхбузе аг1ор долчу лаьмнашна т1ера чуэгаш чухчари ю. 1аьндойн рег1а т1ера ткъех метр лакхара чу1енаш, седа санна, сирла а, ц1ена а хи ду иза, 1аламо кхоьллинчу исбаьхьачу хьостанах схьадаьлла. Цу хих наха «Шовда-ч1аба (Девичья коса)» олу.«Садо1уш волу Харачойн Зеламха» аьлла, наха ц1е тиллина х1оллам а бу шовданна юххехь. Т1улгах дина, зоьрталчу ламанхочун сурт ду иза. Парг1ат охьа а хиъна, леррина хьалхахьа д1а а хьоьжуш, 1а, карахь топ йолу, г1еметтах1оьттина стаг ву суьрто гойтург Дийцарехь, кхузахь садо1уш хазахеташ хилла Харачойн Зеламхина. Нохчийн ширачу 1едалехь иза ма-хиллара, кест-кеста «нускал хит1е даккхар» олу ламаст а д1ахьо кху шовданна йистехь. Цу г1уллакхна гонахарчу ярташкара нах а бог1у кхуза. Шовданан ц1е тиллар иштта нисделла бохуш, дуьйцу кхузарчу наха: Хорачуьрчу ц1еяххана хазачу йо1ана цхьа лурвоьлла жима стаг везавелла. Шен мостаг1ех лечкъаш, хьаннашкахула, лаьмнашкахула лелаш хилла и к1ант. Йоь1ан да-нана реза ца хилла шайн доьзалхочо бинчу харжамна, йо1 кхечу стаге яхийтар хьехош хилла цара. Ломан когашкахь, кхузахь 1аламо исбаьхьаллица хазйинчу меттехь – жимачу шовданан йистехь, шаьш т1ехьийзачу зудаберашка – къамел дан бог1уш хилла юьртара кегий нах. Зудабераша, кегийчу чамешца хи схьа а оьцуш, шайн к1удалш юзуш хилла. Шена, дукхаеза йо1 хит1е йог1у лар а йина, шовданан йисте веана лурвоьлла к?ант. Тешамна кара х1ума луо шена аьлла, дехар дина жимачу стага. ПIелгара схьаяьккхина, дашо чIуг елла йоIа кIанте. Баркаллица схьа а эцна, чIуг кисана йиллина жимачу стага. Оццу хенахь шовданна т1ебог1учу нехан г1овг1анаш хезна цушинна. Уьш бекхам бан бог1у лурвоьллачу к1ентан мостаг1ий хилла. Йоьхначу йо1а: «Къайлавала сихха!» – аьлла к1анте. Амма езачу йо?ана хьалха к1илло хила ца лиъна цунна. «Х1инца со вадахь, суна а, сан тайпанна а т1е эхь дог1ур ду», – ойла йина к1анта. Яхь йолу къонаха дозаллица вала кечвелла. Шен г1одаюккъе йихкина шаьлта схьа а яьккхина, лаьтта охьакхоьссина цо. Бекхам бан хьаьгна болу мостаг1ий т1елата кийча хилла. Ц1еххьана, шен коьртара йовлакх а даьккхина, ц1ий 1ано кечбеллачу нехан когашна хьалха иза охьатесна йо1а. Исбаьхьа цуьнан чIаба охьахецаелла коьртара. Лаьтта кхаччалц еха йолчу йоIан чIабанах цецбевлла а, хIоьттинчу хьолехь шаьш хIун дан деза а ца хууш бисина мостагIий. Лурвоьлла к1ант вен баьхкинчу нахана юккъера схьа а ваьлла, царах массарал а воккхачу къонахчо иштта къамел дина: «Совцалаш! Вайнехан шира 1адат дохо йиш яц вайн. Шуна гуш ду: вайн мостаг1 вала кийча ву, шен тайпанан сий а лардина. Цуьнан доьналлин мах хадош, вай цунна гечдан деза». Т1е а кхайкхина, мара а беттабелла, к1ант витина цара. Йо1ана а баркалла аьлла цо динчу г1уллакхна. Уьш берриге а юьрта бахана, лурвоьлларг витина хилар нахана д1а а хоуьйтуш. Оццу дийнахь юьртарчу баккхийчу наха захало эцна йоIан дена т1е нах бахийтина. Кхаа дийнахь, кхаа бусий ерриге а юьрто ловзар латтийна, кегийнаш цхьаьнакхетар а, стаг витар а даздеш. Доьалг1ачу дийнахь шовданна т1е хи эца баьхкинарш, цец а бевлла, бисина. Хьалха жима хиллачу шовданах, чухчаре хилла. Везачу Делан совг1ат хилла иза, юьртарчу нехан беркате г1уллакхаш бахьана долуш делла долу. Йо1а шен т1ехьийза к1ант кIелхьаравоккхуш, гучуяьккхинчу ч1абанан сий деш, 1аламан цу ни1матах «Шовда-ч1аба» аьлла, ц1е тиллина юьртахоша. Х1инца а наха иштта ц1е йоккху цуьнан. Х1ара шира дийцар дукха генарчу хенахь дуьйна схьадохьуш ду нохчаша, вовшашка дуьйцуш, т1екхуьучу т1аьхьенна довзуьйтуш. Дайн хаза а, оьзда а г1иллакхаш кегийчарна хиъча, уьш цара, лар а деш, лелийча, нохчийн къоман яхь-оьздангалла а, сий-ларам а цкъа а бовр бац. Версия на русском языке: У подножия гор, на пути к озеру Кезеной-ам, у села Харачой, находится родник «Девичья коса», окутанный егендой о чести и прощении. В давние времена знатная красавица из Харачоя влюбилась в молодого человека, который был вынужден скрываться от кровной мести (кровников). Когда родители девушки не одобрили её выбор и пытались выдать её замуж за другого, девушка тайно встречалась с возлюбленным у этого родника. Однажды, когда она пришла набрать воды, к ней пришел ее жених, преследуемый врагами. Услышав их приближение, девушка стала умолять юношу спрятаться, но тот отказался бежать, заявив: «Если я убегу, на меня и мой род падет позор». Достойный мужчина готов был умереть, сохранив честь. В критический момент, когда враги уже готовы были нанести удар, девушка совершила поступок, изменивший ход этой истории. Она сорвала со своей головы платок и бросила его к ногам мужчин, готовых сойтись в смертельном поедике. Её длинная коса выпала к ногам противников. Враги, увидев эту красоту и осознав, что их жертва готова принять смерть с достоинством, а не убегать как трус, замерли в недоумении. Старейшина из толпы кровников произнес речь о том, что древний обычай запрещает нарушать честь достойного мужчины. Они решили простить обидчика, обнялись и пошли домой, объявив о примирении. В честь этого события весь аул устроил роскошную свадьбу для молодых. Согласно преданию, на четвертый день после свадьбы, когда люди снова пришли к роднику за водой, они обнаружили чудо: небольшой ручей превратился в мощный двадцатиметровый источник воды. Это было воспринято как дар Всевышнего за акт милосердия и прощения односельчан. В память о девушке, спасшей своего жениха своим благородством и косой, родник назвали «Девичья коса». Сегодня это место остается священным для чеченцев: здесь проводят свадебный обряд «первого посещения родника», люди пьют целебную воду и рассказывают детям историю о том, что честь и достоинство важнее жизни, а прощение способно творить чудеса. Недалеко от этого источника находится и памятник легендарному абреку Зелимхану Харачоевскому — коренастому горцу, высеченному из камня. Он словно охраняет это место, напоминая всем посетителям о стойкости чеченского народа и его стремлении к свободе и справедливости. Рядом с родником также расположен Харачоевский водопад, чьи прозрачные воды стекают с зимовникового хребта, создавая живописное зрелище, которое вдохновляет людей на размышления о вечных ценностях. Автор: Арсанукаев Муса Источник: Вести ЧР №31 (3423) Вернуться назад |