Главная > Аудио > История одной фотографии. Рассказывает правнучка Зелимхана Роза Эдельханова из Бачи - Юрта.

История одной фотографии. Рассказывает правнучка Зелимхана Роза Эдельханова из Бачи - Юрта.


Сегодня, 11:28. Разместил: abrek
Продолжение истории фото: начало см. по ссылке:
"История в фотографии, или Руднев против Джанаева-Хетагурова"

Текст и аудио. 

Текстовой формат:
 
Со х1окху Б1аьчи - Юрта еана 4-5 шо даьлча (74-77 шерашкахь ишта юккъехь) чу веара тха марзхойх волу цхьа стаг (Мохьмад). Т1аккха ишта хабар дуьйцуш, Зеламха хьаха ло тхан. ... Т1аккха хьалхалера цхьацца хабар дуьйцуш, цо соьга а хоттуш, сайна хуург аса а олуш, цо олу соьга Зеламхийн доьзалла сурт ду шегахь. Аса хотту: "Муха ду? Боккъалла а дуй иза?" ... "Ду! Гойтур ду дера!" - олий, цо воьдий сурт схьа дахьа. Схьа деача (суна кхи гина дац иза, амма эца т1ехь берш сунна кхечу суьрта т1ех гина боьвзи. "Х1орш буьйцур барий ахь? - эли цо.

"Дера буьйцур бу, аьлла,- х1ара Зелимхийн х1усумнана Бици йу, х1ара сан нена нана Меди йу, ткъа х1ара Энист йу, х1ара Мохьмад ву, ткъа х1ара (оцу Медис а, Энисата а цуьнах "Умарка" алара) 1умар-1ела ву",- аьлла дийци ас.

Т1аккха аса эли (цец йаьлла): "Ванах хьуна мичара даьлла х1ара сурт, мичахь карийна хьуна х1ара?"

Цо эли: "Цхьана заманчохь генна Сибреха балха вахана вара со, ткьа цигахь суьйрена ара ваьлча цхьа хенара воккха стаг хилара арахь хиина 1аш, йоккха к1ай маж йолуш. Д1а хабаре ваьлча, цо хаьтира соьга:" Хьо стенгара ву?"
Ша г1алара нохчо ву аьлча, шаьшина кьамел доладелира бахара цо. Т1акха цо Зеламха хьахийра бах.

"Майра к1ант вара и , доьналла долуш вара иза. Российн дерриге эскар т1аьха даларх цера кара ца воьдуш ишта майра вара иза".

Цуьна майраллех дозалла деш иза ч1ог1а дагчу вижина вара ша. Ишта цуьна доьзал схьа лоьцуш хьийзорна, оцу доьзалла ч1ог1а къа хеттера шена, аьлла. Оцу хенахь ша жима стаг вара, газетан корреспондент вара ша. Т1акъа и доьзаллах къа а хета, Зеламхех б1аьрг буьззина вара ша. Цхьа сурт ду ша лар деш элира цо.

Гойтур дарий ахь альча, чу а вахана цо и сурт схьа деара. ... И сурт дацара вай х1инцлера суьрташ санна. Стомма а долуш, почтовы открытка дара иза, вукха аг1ора "куда - кому" аьлла йаздина а долуш. И сурт схьа ло цо шена... Т1акха ч1ог1а хаза хетта ша а хьоьвзча, оцу кьанос олу: "х1ара сурт ша хьуна ло. Со воккха хила, ас х1инцалц лар дина х1ара деза а дезаш, хьажа а хьожуш"....

Ша д1а ваьлча шен доьзалхоша х1ара лар дийра дац, ша хьуна д1а ло-кха х1ара олий, схьа ло цо и сурт. Т1аккха ша оьрсий а вац, ша немец ву х1окху веанчохь виссина олий, ше хьал а дуьйцу цо и сурт щега сха а ло. Ишта деана ду ше кара х1ара сурт олу марзхочо. Дукха хан йуй аьлла хаьттича, цо схьа дийцарехь, дукха хан а йацара цо схьа деана а, шена иза кара кхаььчна а, олу цо.

Т1акха ас хотту : "Т1ера суьрташ дохуьйтар дара ас, соьга лой ахь?"  "Дера ло-кха!- эли цо. Т1акха сан ц1ийна дас цу т1ера суьрташ дохуьйту. ... И суьрташ даьхча (цхьа пачка дара уьш), ас шега д1акховдийча и сурт дахийтина, д1а эца хьайниг, олу ас. Оьцара дац ша, х1ара сурт ша хьуна ло, эцца хьан нена нанна ло ша совг1атана олу марзхочо.

Т1акха оцу к1иран чохь со Ведана йоьду. Со чу йаьлча Меда йолчахь еана Эниста а хуьлу. Со гича ч1ог1а хаза хетий, мара а экхий йист а хуьлий, гуттар хьовзу уьш.... Т1акха и кьамел тхан чекх даьлча, аса олу: "Ас шаьшина х1у еана хаахьара шуна!"

Ас сумке чура сха а даккхий и сурт д1а гойту царна. Цу т1е хьаьжча дика ца кьаьста цаьршина, т1акха "лап" олий хаьа царна. Медас олу: "Ва-а, Энист! Хьажахь х1оккхе! ...Х1ара вайна го бича хена даьккхина сурт ма ду! ... Х1о меттехь д1а доьдуш хи ду, говр йу, х1ара говр-б1арз йу, х1ара и стаг ву. Вай дехьа даха аьлча, ваьхьар вац ша аьлларг. Цо дехьа ца дехира вай. ... Хьажахь, х1окхе лам к1елла доьвлира вай. ... Оцу лам т1ера вайна т1е т1улгаш херцийра."
 
Эниста шена дага дог1ург дуьйцуш, Медас шена хуург дуьйцуш, дукха дехха кьамел деш 1ийра ишиъ. Юг1- юг1а а хьожуш. ...

Ишта цха набарх йаьлча санна схьа а йирзина соьга эли Медас: "Ванах, х1ара сурт мичахь кара деана, мичара даьлла хьуна?

Т1аккха ма дарра дийци ас. Медас эли, шай суьрташ дукха даьхна. Тюрьме д1а дигча чу дуьгуш, ара дохуш суьрташ дохуш, юха ара дохуш - суьрташ дохуш ... Везан Дела! Х1ара суьрташ дахар бен кхи болх ба а буй те кхера аьлла хеташ. Ткъа х1ара сурт даккхар дага а ца дог1у. Хьара муха даьккхина те?"
 
Шаьш схьа лоцуш шайна го бина хан йу х1ара, и говра эццах а йолуш... Шайна х1ара даккхар а ца хаьа, шайна гина сурт дац иза, олий ч1ог1а хаза хета цаьршина. Юг1-юг1а хабар дуьйцуш, юг1-юг1а кьамел деш.

Ишта кера кхаьчна ду-кха и сурт, Иза ше истори а йолуш ду.

Оцу немцочунна Зеламха хаза неха санна везаш а хилла, цо ма боху цуьна дагчу вижна а хилла. Ца хиллехь шен дахарехь оццул дукха шерашкахь цо и сурт лар дийра а дацара. Ткьа вай рицкь хиларна, вай кара а кхаьчна га йиш йолуш хилла иза. И цо ца лардинехьара и вайна тахана га йиш йолуш а хир дацара. И бен хилла а дац, и шайна дуьххьара гуш ду бахара оцу шина йо1а.

Аудио формат:
Вернуться назад