Главная > Семья Зелимхана > Школехь цхьанакхетар

Школехь цхьанакхетар


19.-12.-2016, 23:21. Разместил: abrek

Школехь цхьанакхетар Декабрь беттан хьалхарчу деношкахь тхаьш нохчийн г1араваьлла волчу яздархочун Мамакаев Мохьмадан «Зелимха» роман 1амийначул т1аьхьа ненан мотт а, литература а хьехархо а, тхан классни куьйгалхо йол чу Гудаева Фатима Эртихановнас вовшахтохарца а, 10 чу ший а классан дешархойн дехарца а тхо школехь цхьаьнакхийтира Зелимханан йо1аца Зелимханова Медица.

Ишттачу цхьаьнакхетаршкахь дуьххьара хилла яцара Меди Зелимхановна. Кест-кеста дешархошца, иштта Зелимханан исторех лаьцна хаа луучу муьлххачуьнца а цхьаьна а кхета, цунах лаьцна а, х1етахьлерчу шайн халчу дахарх а дийца дуккха а дан а ду цуьнан а, цуьнан йишин Гудаева Энистан а. Ткъа Энисат Зелимхановна жимма могуш йоцуш хилла хиларна кхуза ша еанера Меди.
Цхьаьнакхетар хилале хьалха х1ораннан а дук¬кха а гулделлера цу та-машийначу хиламашца йоьзна истори йолчу зуд-чуьнга дан хеттарш; бак-кхийчара доьзалшкахь луьйцуш а, «Зелимха» роман а, цунах лаьцна кхийолу цхьацца зорба--нехь арадевлла исторически дийцарш. а; кхиерш йоьуш а дуккха а дара билггала оцу историца з1е йолуш и шаьш кхоьллина болчу адамашка хатта. Ша ханна йоккха елахь а, х1умма а дицдина, я шеца цхьаьнакхеттачу тхан хеттаршна жоьпаш далар хало лоруш яцара Меди Зелимхановна. Цо боккхачу тидамца а, историчес¬ки нийса а дуьйцура паччахьан хьадалчаша Енисейски Губерне Сибрех дахийтинчу хенахь шаьш хьегначу халонех, шайна динчу г1ох лаьцна.

— Цу хенахь тхо санна политически ссылке бахкийтина дуккха а революционераш бара цигахь,— бохуш дуьйцу шен дагалецамашкахь Зелимханова Медис.

—Догц1ена, эшначохь вовшашна г1о деш, лаккхара адамалла йолуш бара уьш. Суна цкъа а диц ца ло церан цхьаннан Карташевн доьзало тхуна дина г1о. Йоза-дешар, оьрсийн мотт ца хууш до¬лу тхо, шайн 1уналле эцна, тхан шолг1а нана-йиша хилла д1ах1оьттира х1етахь Карташева Валентина Михайловна. Ермаковск юьртахь совцийна, цигара д1асадовла йиш йоцуш дара тхо х1етахь. Тхуна оьшург т1ейохьура, дехьа-сехьа хуьлуш долу керланаш довзуьйтура цо. Цул совнаха, ц1ахь бисинчу гергарчаьрга кехаташ яздора, цигара схьадаьхкинарарш доьшура, тхуна йоза дешар,оьрсийн мотт 1амабора.Цкъа а дицлур доцуш дагахь-дисина су¬на цо тхуна дина г1о, цуьнан оьзда, дика амалш г1иллакх, адамалла.

Дуккха а хеттарш дира дешархоша церан ненах, дех лаьцна, цара хьегна¬чу халонех лаьцна. Шайн ненан амалех доккхачу до заллица а, хаза а дийцира Медис: цуьнан къонахалла, догдикалла, къинхетам доза доцуш хилла хилар гойтура шен къамелехь. Шена хуьлу хало ца лоьруш, дерригенна а т1ехь Зелимханан йоккха г1оьнча хилла церан нана Бици.

— Адамийн амалшца йог1уш к1еда амал йо¬луш, муьлххачара а езаш т1еоьцуш, уьйр-безам лело хууш яра тхан нана,— бохуш дуьйцу Зелимхановас .

-Цундела цунна атта хуьлура адамашца гер гарло таса, керла адамаш довза. Цкъа а ца хезара цуьнгара халонех лаьцна тийжамаш бар. Паччахьан 1едалан къизаллин бала ца ловш, бакъонехьа къийсар коьрта некъ хаьр жина волчу шен майрачун хало-атто, цуьнан дахар декъа кийча яра тхан нана. Цул т1аьхьа шайн доьзалан ден Зелимханан хьокъехь яздина долу дук кха а документаш а, газетни материалаш а, ис¬торически суьрташ а гайтира тхуна Меди Зелимхановнас. Х1ора а дош пайден, ч1ог1а чулацам болуш дара Меди Зелимхановнин къамел. Дуккха а керланиг, пайдениг хи-ира тхуна цу дийнахь Зелимханах а, цуьнан доьзалх а лаьцна. Доккха совг1ат дара тхуна цуьнца цхьаьнакхетар. Тхоьца цхьаьнакхетаре иза ярна оха массара а доккха баркалла а элира цунна.

Веданарчу № 1 йолчу юккъерчу школан 10-чу классийн дешархой.

СУРТАШ Т1ЕХЬ: лакхахь аьрру аг1ор—Зе-лимханова Меди ю къамел деш; аьтту аг1ор —дешархоша доккха баркалла аларца дагалецаме совг1ат до Зелимханова Медина; лахахь—боккхачу тидамца ладуг1у дешархоша Зелимханова Медис шеен дех Зеламхех лаьцна дуйцучуьнга.

Колхозан дахар 13.01.89 шо № 6 (5069)


Вернуться назад