Главная > Поэзия > Г. Даудов. Стихи. "Харачойн обарг Зеламха дагалоцуш"

Г. Даудов. Стихи. "Харачойн обарг Зеламха дагалоцуш"


Сегодня, 10:56. Разместил: abrek
Веданан Хорача ц1е йоккхуш юьйцу,
Харачойн Зеламхас лелийнарг дуьйцу.
Шайн къоман къонахий ца бицбо наха,
Хьакъйоллу ц1е юьссу исторехь яха.

Нах хьоьгуш ца хилла обарган дахар,
Мохк ма-ббу лаьмнашца нисделла вахар.
Шен кхерчах, доьзалах ца витна кхета,
1едалан хьадалчаш х1иттарца кет1а.

Шен кхоллам цо текхна шерашкахь гена,
Адамийн къоьллано ницкъ барца шена.
Лаьмнех а, хьаннех шен са а тешийна,
Некъ идон дезна цо дег1ах са эшийна!

Дуьненчохь маршонал бахам ца хеташ,
Маршоне са лаьтташ идадеш некъаш.
Тешаме доттаг1а шен динах тарвина,
Хийла цу доттаг1чо и зулмах ларвина.

Х1оразза Зеламхан коьртах мах х1иттош,
Хьаькамаш хьийзарх дог-ойла г1иттош.
Ша йинчу ч1аг1онан 1алашо юьйцуш,
Цо мостаг1 эшорах дийцарш ду дуьйцуш.

Шен боцчу харжамо ша новкъаваккхарх,
Обаргийн ц1е кхуллуш са акхадаккхарх.
Нохчаллин гурашкахь ц1е ларъеш дайн,
Хан текхна цагарх цо х1ара дуьне к1айн!

"Со вешшехь ца вина обарг, аш сох вина",
Зеламхин дешнаша вай маь1на дина.
Цул т1аьхьа б1е шо сов хан зама яьлла,
Халкъо и-м лоруш ву "КЪОНАХА" аьлла!!!

Даудов Гилани
Вернуться назад