Главная > Поэзия > Докка Кагерманов. Харачойн Зеламха
Докка Кагерманов. Харачойн ЗеламхаСегодня, 02:06. Разместил: abrek |
(Ширачу иллин мукъамехь)Сосакхо бен бечу ламанан тархашкахь, Ламанах хьерчачу юькъачу мархашкахь, Гила борз угlучу цу аьрцнийн хьаннашкахь, Берд бууш гlергlачу Органан lаннашкахь, Буьйсанаш идош ву Харачойн Зеламха. Мацалла ша дуург гlа патар ва долуш, Хьогалла молу хи беца тхи ва долуш, Кlел буьллу кlеда мотт декъа латта ва долуш, Тlе тосу шен юргlа lаьржа верта ва долуш, Баланаш идош ву Харачойн Зеламха. Лаьхьано нох даккхар а хезаш ду лергаш, Зингатан болар ган а сирла бу бlаьргаш, Лар хуьйцуш сел говза ю цу динан бергаш, Эпсарш буьтуш хьекхо шайн къиза цергаш, Са идош лелаш ву Харачойн Зеламха. Цу лоьман маьхьаро дог майра ва дохуш, Лечанан шакаро дегl тlема ва дохуш, Зарзаран декарша ойлане ва вохуш, Сатийна ладогlа къора берд ва лоьхуш, Хьегамехь лелаш ву Харачойн Зеламха. Турмалца хьоьжу и, шайн пхьоха дlахlуттуш, Юьртахой суьйренца хийисте ва хlуьттуш, Дlаяхна шен жималла ойлано луьттуш, Шен хьоме нийсарой бlаьра хьалха ва хlуьттуш, Аренаш идош ву Харачойн Зеламха. Дех, вежарех хадарх, стогаллех ца вухуш, Тешаме доттагlий шена герга боьхуш, Къонахийн сий лардан царна некъ а хьоьхуш, Тешнабехк бан бевлларш тlаьхьара бохуш, Са меттахь леташ ву Харачойн Зеламха. Доьзалца чуверза мерза тем ва боцуш, Йиш-вешех хьегарна уьш дага ва лоьцуш, Кlело ян гlоьртинчун чlир дера ва оьцуш, Ламазна хlуттуш бен герз дlа ца хоьцуш, Аренаш идош ву Харачой Зеламха. Шен коьртах, доьналлех и эпсарш ва хьегош, Чин даздан сихбелларш lожалле ва эгош, Буьрсачу шен цlаро и инарлаш бегош, Седарчех бутт санна, шен юрт яртех къегош, Къийсамехь къарлуш вац Харачойн Зеламха. Чал дера шен герзаш дегlаца ва къуьйлуш, Дийнах буьйса тарйина хьеха чу вуьйлуш, Буьйсанах де дина хьехара вуьйлуш, Аренаш идош ву, доттагlий тlегулбеш, Гlизлара-гlала вуьйлуш Харачойн Зеламха. Цамгаро лаьцна дег lйийсарх ца духкуш, Кхиэл хиларх дог тешна шен гlазот доьхкуш, Герз нийса детташ ву, мостгlийн гуо лоьхкуш, Хlей, гавурш! - бохуш, гонах декъий дохкуш, Тlамна кlел сецна ву Харачойн Зеламха. Халачу чевнашна узарш а ца дохуш, Узарийн меттана "Я Аллаахl!" а бохуш, Чlир екха Кибиров тоьпа кlел ва лоьхуш, Ша къилбе нисвелла, дагахь ясин ва доьшуш, Эрний, эшший ца велла Харачой Зеламха. Турпал верг, воцург а цкъа волу вайха, Ца вуьсу дуьне сов диънар и аьхна. Хьайн оьмар яхъян ахь ямарт некъ ца лехна, Чекхвели хьо цунах лаьмнаш цецдаьхна, Вицлур вац халкъана Харачойн Зеламха. Докка Кагерманов Вернуться назад |