Главная > Предания, былины > ЗЕЛАМХА (шира илли)

ЗЕЛАМХА (шира илли)


15.-03.-2025, 09:54. Разместил: abrek
ЗЕЛАМХА (шира илли)

Т1етосу ва юрг1а
Сийна стигла ва йолуш,
К1елбуьллу атта мотт
1аьржа латта ва дина,

Г1ов буьллу ва г1айба
Попан орам ва бина,
Мел хала лийли хьо,
Харачойн Зеламха.

Мацалла попан rla дууш,
Хьогалла бецан тхи муьйлуш,
Мел хала лийли хьо,
Харачойн Зеламха.

Можа малх кхийти бах,
Хийла хан ели бах,
Вайнахана Дала туьйхи,
Зеламха вийна бах,
Цавезаршна Дала туьйхи,
Зеламха вийна бах.
Вернуться назад