Главная > Проза > С -А. Гацаев "Зеламха Г1изларна т1елатар". (чеч.)

С -А. Гацаев "Зеламха Г1изларна т1елатар". (чеч.)


25.-12.-2016, 22:42. Разместил: abrek

С -А. Гацаев Зелимхана йо1а Энисата, билгалдоккхура: « Наха «Зеламха, Зеламха» олу, амма, ша сана къонахий цахиллехьара, Зеламха а хира вацара… »

Аюб ца гуш цхьа бутт гергга хан дІа яьллера Зеламхинна. Тахана цхьаьна кхеттера и шиъ Хорача эвлана гена йоццуш, цхьана ломан бердах, замано кечйинчу «хІусамехь», хьехачохь.

Гуттар а шаьшшинна цхьа гІуллакх Іотта делча, цхьаьна кхеташ хиллачу.

- Ванах, Аюб, хьо гаре ма сатеснера ас кху некъехь ! Набаран тар тоссушехь, хьо дуьхьал хІуттур – кх суна…

Лаа хиллий-те сан иза, сингаттам болуш хІума-м ца Іоттаделлера хьоьхь ?

- Дера, Зеламха, бакъдерг аьлча, цхьажимма цатам ма хиллера суна, - элира Аюба, жимма оьгІазвахча санна, хийца а луш. – юьхьца а, дашца а.

- ХІун цатам ? Хьо хІун деш Іара-ткъа хІинццалц соьга и ца хоуьйтуш, хІун ду хилларг ?

- Э-э, Зеламха, из-м даккхийчарех хІума дацара. Со суо-а ларор ма вара цуьнан бекхам эца ! Делахь а, хьоьх дага ца ваьлча, ца хІоьтти-кх со цунна тІаьхьавала.

—Аюб, хьайн десара, и текхораш а ца еш, дийций валахьа, хІун ду хьуна хилларг, стен бина хьуна цатам? — аьлла, юха а хеттаршка велира Зеламха.

Аюбе ма-дарра дерриге а д?а а ца дийцалора. Цуьнгахь дара Зеламхин цІарах яздина кехат.

Цо бинера Аюбана цатам. ЦІармат, боьха-цІена мел дерг вовшахтесна, яздина дара и кехат, оьрсийн маттахь.

Иза нохчийн матте а доккхуш, Зеламхина юха деша дезара цуьнан. Цундела, ша жима хиларе терра, Зеламхица эвхьаза воцуш, эхь-бeхк лоьцура Аюба. Оцу тІера дара цо хІинццалц Зеламхина дуьйцург хьийзор а.

—Делахь хІета, шерра хІара дІадешаза ца волу-кх со ! - аьлла, шен хаьнтІера тІоьрмиг хьалха а озийна, оцу чуьра схьаэцна кехат, даржош шен кера а лаьцна, иза деша кечвелира Аюб.

—ХІокху кехато бина-кх, Зеламха, суна цатам. ХІара кехат хьоьга яздина ду, чІогІа маьттаза, сий мел доцу дешнаш тІехь а долуш. Иштта яздина, кхаа буса кхо кехат тесна наха вайн керта, соьгахула хІара хьоьга кхачо гІерташ. ХІорш яздинарг ГІизларера таІзарийн отрядан атаман Вербицкий ву, вайшинна дика вевзаш волу.

Ткъа хІорш вайн керта туьйсуш верг, вайн нахах волу, цуьнан геланча ву...

Генара стаг а вац, суна хетарехь… Доцца аьлча, Зеламха, атамана хьоьга, хьо къонаха велахь, шеца лата меттиг йилла еза боху -кх,- аьлла, соцунг1а хилира Аюб. Юха а, 1е а ца веллa, къамеле велира :

- Вербицкий, хьуна ма хаъара, боьха ж1аьла ду. Нахана т1аьхь- т1аьхьа зуламе даьлла и йовссар. Х1ара кехат тергал а ца деш, 1адда дитахь- м, иза сеца а лур вац. Цундела, и ж1аьла новкъара д1а ца даьккхича ца долу, цунна йог1уш ерг, сихха д1а а елла. Ахь пурба лахь, со тахана а кийча ву хьуна иза кxочуш дан!

- Цкъа д1адешахьа, Аюб, кехат. Х1ун боху- те г1азкхийн атамано ? Т1аккха хьовсур вай ахь бохучуьнга а.

Аюб, меллаша, заркъ диллинчу кехат т1ехь машинкица яздина кехат б1аьра хьалха а лоцуш, деша волавелира, г1ехь аз а, йиш а г1арг1 а луш.

- « Ва Зеламха ! »- аьлла дара д1адолош кехата т1ехь.

- Хьан ц1е Россехь массанхьа а евзаш ю, башха сий дацахь а. Ахь дукха адамаш дайина, коьллаш т1ехьа а, т1улгаш т1ехьа тебаш, корта а хьаьшна, берна кхоьручу д1оьвшечу лаьхьано санна, лечкъа а лечкъаш. Ткъа х1инца хьо къинхетам боьхуш ву. Цунна хьуна цхьа жоп ду : хьан валар. Делaхь а, суна хаьа, хьоьга, дерриге а нохчийн халкъ, къонахче санна, хьаьжна хилар, цундела ас, подполковника Вербицкийс, аьтту бо хьуна хьайна т1ера и сий доцу хьоькх д1аяккха.

…Нагахь хьо зударийн хорма лелош вацахь, сан кхайкхам т1еэца.

- Сацийтал, Aюб, эццахь. Х1ун ала г1ерта цигахь атаман, дика ца кхета со оцу дешнех, кхетавехьа со царех.

- Иза-м, Зеламха, хьо яхье ваккха г1ерташ йина кхоссар яра цуьнан,- аьлла, к1ад а боцчу т1е иза туьдуш, гочдаран кеп а йина, кехат юха деша волавелира Аюб.

Зеламха корта а хьовзийна, ладуг1уш сецира.

- Хан йилла суна, билгал еш, меттиг йийца, нагахь хьайгахь цхьажимма- ъ сийн хелиг йисана елахь, маса накъост хир ву а дийца хьайца. Со цигга д1авог1ур ву, оццул нах сайца а болуш, хьоьх лата.

Ас оьрсийн эпсаран дош ло хьуна, ахь боххург ц1енна кхочуш дан.

Гайта ткъа, Зеламха,- чекхдолура Вербицкийн кехат,- хьо сий долчу нохчийн тайпанах схьаваьлла къонаха хилар, нагахь к1илло зуда хьо яцахь.

Язде соьга, подполковник Вербицкийга, Владикавказ- г1ала.

Kехат дашца, маь1ница бег1ийла а далош, цхьаццанхьа мог1анаш ца доьшуш, т1аьхьа а дуьтуш, дешна а ваьлла, меллаша иза т1оьрмиг чу а диллина, Зеламхина т1евирзина, къамеле велира Аюб :

- Зеламха, Вербицкий шен синна карзах ваьлла стаг ву. Добровольский а, Галаев а вахханчу дуьненчу хьажо везаш, оцу шина б1аьрга юккъе цхьа томмаг1а а диллина. Иза соьга атта далур долуш г1уллакх ду, ас хьалха ма аллара, ахь бакъо елчхьана.

И лела некъаш хьуначул а, суна маьрша ду : нахалахь башха къаьсташ а ца хиларна, жимма оьрсашца бийца мотт а хаарна.

Цунах лаций, хьайна хетарг алахьа соьга, Зеламха! — аьлла, шен къамел сацийра Аюба.

Зеламха, корта охьа а бахийтина, дикка жоп ца луш ?ийра Аюбана. Юха меллаша, ша хиъначуьра хьала а гІаьттина, цхьа-ши ког баьккхина, Аюбана тІе а хилла, цуьнан белша тІе куьйг а дуьллуш, векхавелла вистхилира:

—Аюб, Дела реза хуьлда хьуна! Хьо санна накъост волуш, ма хала дац суна хІара сайн дукъ дІакхехьа.

Со теша, Вербицкий бохучу оцу вире ахь, хи да бохуш, мохь хьоькхуьйтур барий, асчул а дуккха а атта. Вуьшта, цкъа хІинца сих лур вац вайша, ойла а йина дийр ду вайша дийриг...

«Сиха дахана хи хІордах ца кхетта»,— баьхна вайн дайша... Оцу кехато-м гІеххьа цатам бина суна. Делахь а, цкъа собар даза ца долу, Аюб.

И хьехар Аюбана а дина, хьеха хьалхарчу терхи тІе велира Зеламха, тІехьа ши куьг а диллина.

Терхи тІера Зеламха охьахьаьжча, цунна гуш яра ша вина, кхиъна, хьоме юрт — Хорача. Гобаьккхина лаьттара массо корта а, басе а, акъаре а цунна девзаш долу лаьмнаш. Цаьрга а хьоьжуш, дагатийсира цунна дІадевлла денош, шераш: шен цІийнах-кхерчах валар, юьртах, уьйрех, безачех хадар, хІаллак хилла бахам, даьхни, белларш, махках баьхна маьІ-маьІнехь дІасакхийсина гергарнаш, дика хилла юьртахой.

ХІун дисина цунна газа а, цо лаза а хІокху тІаьххьарчу иттех шарахь?.. Дисина а дац!

МостагІийн карах, тешнабехкаца, вежарех, дех ваьлча а (Солтамурд, Бийсолта, Г1ушмазакъа), мичахь бу а ца хууш, Сибиран кІорге боьхкина доьзалш хилча (БицІа а, Зезаг а, берашца).

И ойланаш коьрте а яьхкина, Хорачу а, ламанан кортошка а гІийла бІаьрг а биттина, Зеламха юхавирзича, Аюб ша хьалха охьалахвеллачу тІулга тІехь хиъна Іаш вара, ойланехь, шина куьйга корта а лаьцна.

- Хьо шек ма вала хьо, Аюб ! — элира цо, цунна юьххе, хьалха санна, кхар т?е охьа а лахлуш, — Вербицкийна дан хІума вайшинна карор ду хьуна. Цуьнга шен хьаьжа юьккъе патарма шега бассабойтур бу вайша, иза бассочу ваьккхича, цо иза бассабахь.

Нагахь и бассо цуьнан стогалла ца хилахь, т1аккха а вац-кх иза сапарг1ат лелар, наха т1аьхьа п1елгаш а хьийсош, вуьйцуш хир ву-кх хьуна иза, велла д1аваллалц, « къонаха ца хиллера иза-м »- бохуш, калац1оьла ц1е а тиллина. Оцу ц1арца дагахь лаьттар ву-кх хьуна иза цуьнан доттаг1ашна а, цул лакхарчу цуьнан хьаькмашна а. И бу-кх хьуна Вербицкийна вайшимма бен болу бекхам, цо вайшинга 1едална хьалха вазвалархьама, сурт х1оттош, яздинчу кехатана дуьхьал. Вуьшта, Aюб, таханa, x1okху сохьта, и г1уллакх вайша оцу кепе муха дерзор ду ала ца хаьа суна. Цунах сан ойла ян еза. Кхоччуш сан цунна сацам хилла баьлчи, т1аккха ас эр ду хьоьга вайша дан дезачух лаьцна. Амма, и кехат бахьнехь, Вербицкий дукха-м лелар вац хьуна дозаллаш деш. Иза-м ду сан тахана хьоьга ала, сацам боллуш, Аюб.

« Хьуна муха хета, Аюб, ас дуьйцург ? »- аьлла, хаттар а деш, сацийра Зеламхас шен къамел.

- Со кхета ахь дуьйцучух, Зеламха. Ахь бохучу аг1ор и г1улкх дерзо хала-м хир ду, ойла ца йича. Со кийча хир ву-кх ахь бинчу сацамна ! - аьлла, Зеламхас динчу къамелана т1е а товш, дерзийра шен дош Аюба.

Вербицкийн кехат Зеламхина т1е кхаьчначул т1аьхьа жимма хан яьллера.

Оцу юккъехь, 1910 шеран февраль бутт т1е беъначу деношкахь, Веданан округан начальника, Кораловс шен канцеляри, Веданан г1опе, кхайкхина валийра Эвтарара, махкана а вевзаш волу, Бамат-Гири- Хьаьжа, обарг Зеламха бахьанехь.

- Хьаьжа, Тeрkски администрацис т1едилларца ду х1ара ас хьоьца тахана дуьйцург. Вайна юккъехь хийра стаг а вац, кхунах эладитта дан. Х1ара вайшинна талмаж ву, ткъа цуьнан бага цу т1ехь къевлина а хир ю, - аьлла, д1адолийра полковника шен къамел, к1еззиг гуьржийн матте а озош.

-Хьо, вайна хууш ма хиллара, онда ницкъ болуш стаг ву. Кхин бацахь а, х1ара Нохчийчоь йохо а, яккха а тоьар болуш. Мел лахара лерича а, 5- 6 эзар мурд хилла ца 1а хьуна т1аьхьа, хьан ойланехь, ахь аьлларг дина, валан а кийча волуш. Иза дозалла далла, доккха х1ума ду, цхьана стеган куьйга к1ел оццул ницкъ хилар. 1едална а муьт1ахь хила беза и ницкъ.

Ткъа хилча а х1ун до цуьнах, нагахь х1инццалц иза хилар гучадолуш ца хилча. Цунна бехке хьо во 1едало, ахь и ницкъ 1едалан дезаре берзош ца хиларна.

Талмаже, сих а ца луш, ша бохург нохчийн матте а доккхуш, Хьажийна д1адийца а аьлла, ша хиъначуьра хьала а г1аьттина, кабинета чухула д1асхьаволавелира Коралов.

Хьаьжийна сурт хІоттош, шен подполковникан керла хорма а, зоьртал дегІ а, юьхь-сибат а гойтуш, ша элан даржехь хилар эрна ца хилар гайта гІерташ санна.

Талмаж гочдар чекх а даьлла, шена тІевирзича, шен Іасан тІе а тевжина Іачу Хьаьжас, талмажехьа дІа а вирзина, хаттар дира:

— Мича берзо беза боху соьга мурдаш полковника? Стенна тІехь бехке во со Іедало, дийца алахьа цуьнга! - аьлла.

Полковника, гІеххьа оьгІазвахаран сурт а хІоттийна, дІадолийра юха а шен къамел:

—Ас дуьйцучух ца кхеташ вац хьо, Бамат-Гири-Хьаьжа ! Терски областан начальника Михеевс Нохчийчохь цхьа а имам а, маьждиг а юкъах ца дитина, Зеламхах лаьцна кехат ца яздеш.

Оцу кехаташ тІехь инарлас боху Зеламхига : «Хьох бан къинхетам бац шен, хьо къонахалла йолуш стаг велахь, каравола».

Оцу дешнех кхета веза : Зеламха, хІаллакван везаш, зуламхо ву, каравеача а, ца веача а, бохучу маьІнехь. Цундела яздина ду инарлас шуьга, массо а динан верасе а, шуна тІаьхьа хІиттинчу мурдашка а яздина долу кехат- адамашна тІех балеваьлла и зуламхо вен везаш стаг вуй шуна хаийтархьама. И гІуллакх кхочушдинчунна далан шортта ахча а ду диллина Іедало.

Оцу кехатех цхьа кехат, шен хенахь, хьоьга а кхаьчна, Хьаьжа. Амма, ахь а, я хьан мурдаша а иза тидаме а эцна, таханлера де тІекхаччалц, дина хІумма а дац. Цунна во-кх хьо Іедало бехке.

Талмаже ша дуьйцург цкъа а, шозза а керла а доккхуьйтуш, Хьаьжийга нийса дІа а дийцийтина, Хьаьжас дуьхьал аьндолчуьнга ладугІуш сецира полковник.

Хьаьжа, дукха сих а ца луш, ша волччохь меттах а хьайна, полковникехьа а вирзина, вистхилира :

- Шуна лууш дерг 1еламнаха, молланаша адамашна хьалха Зеламха емал вар, cийсаз вар ду, цуьнца адамаш, ма хуьллу, галморзах даха, цуьнга цабезам кхайкхабе бохург ду. Цаьрга и мостаг1, къа ца хеташ, вей, д1аваккха шайна новкъара бохург ду, доцца аьлча. Нийса дуй иза, полколиг ?

- Ч1ог1а нийса ду!

- Делахь х1ета, полколиг, цуьнах лаьцна хьо а, инарла а кхето везаш цхьа х1ума ду сан, шуьга ала мегар делахь ?

- Мегар ду, Хьаьжа. Алал т1аккха!

- Со, цхьа ког коша а бахана, воккха стаг ву. Соьх шуна оцу г1уллакхана накъост хир ву ала ца х1утту со. Со х1оьттича а, и сан нийса а хир дац хьаькамна хьалха...

Хьаьжас, эццахь соцунг1а а хилла, парг1ат д1адийцитира полкoвнике и дешнаш. Талмаж уьш гечдина воллушехь, полковника сихха хаттар дира Хьаьжига :

- И мила хьаьким ву кхуьнан, юккъехула вуьйцург, талмаж ?

- Иза дера ву, полколиг, оцу т1ехь вeрг, - аьлла, шен карар 1аса лекха тхов т1е хьалахьажийра 1овдас, тхов т1ера Xастам хиларг охьа а воьссина, ладуг1уш волуш санна.

- « Ас хьо забарш ян валийн вац Ведана, Бамат -Гири- Хьаьжа », - аьлла, чуравелира полковник.

- Хьо ас обарг Зеламха бахьанехь валийна. Цо денна, бехк- гунахь а доцуш, бойу нах, ден зуламаш ца хууш вац хьо. И цуьнан талораш логгех хьaлакхаьчна адамашна а, 1едална а. Цундела яздина шуьга инарлас яздина кехат а, шуьга шайгга эцийта оцу мостаг1чун ч1ир. Ткъа ахь ч1аг1дарехь, хьо цунах, п1елгах дехккал а, х1ума нисдеш а вац. Хьан х1илланих со тахханалц кхетта вацара. Тахана со доллучух а кхийти : оха бохучунна хьо т1евоьрзург ца хиларх а, хьайн мурдаш берзо г1ерташ ца хиларх а, ахь ма дарра схьаэли. Вуьшта аьлча, лиэ-м дина ахь тхо, х1ара де т1ех1отталц, цхьацца бахьнаш а х1иттош.

Зеламха лаца араяьккхина, бохуш, цхьа г1ера а яра ярташкахула кхерсташ, ловзар- синкъераме кхочуш, герзаш хьедеш, орца доккхуш, и зуламхо бухара д1авахийта, тезет-мовладе кхаьчча- и вазвеш, мукъамаш беш, зуькарш деш.

Ахь тхоьца хІинццалц моттаргІанаш лелий, тхан семалла дІатеян. И кхин дІа дуьйцур дац вай, цу агІор, - кІоршаме хадийра полковника шен къамел.

Юха а, жимма ойла а йина, кхин тІе а оьгІаз а вахана, дІадолийра:
—Вай хІара кхечу агІор дуьйцур ду! — аьлла…

—Сан дІахьедар ду хьоьга, Бамат-Гири-Хьаьжа: xьо махках ваккха деза тхан, доьзалца цхьаьна, Зеламхица кхин тІекареш-чукареш хьан ца хилийта.

Сан лакхарчу администрацин сацам бу иза, юххерчу хенахь кхочуш бан безаш, - вайн барта тІе хІара гІуллакх ца деача, хьоьга и дІабовзийтар ду суна тІедиллина.

Талмаж, леррина и дІахьедар Хьаьжийна гочдина а ваьлла, цо лун долчу жоьпе ладоьгІуш сецира.

—ХІун лийр ду шуна? Шуьца къийсало ца боху соьга вай Кхоьллинчо. Ас дуьхьало йийр яц шун сацамна. Делан кхиэл йолуш шун сацам белахь, тхо дахаза девр дац Сибарех а, мел хала хиларх а тхан тутмакхалла. Сан доьзал кийча бу ала ахь, полколиг, хьайн хьаькамашка, церан сацам кхочушбан, — аьлла, шен дош цу тІехь чекхдаккха дагахь, сецира Бамат-Гири-Хьаьжа.

Чохь цкьачунна, тапъаьлла, тийналла хІоьттира, цхьа а вист ца хуьлуш, шен-шен ойланехь волуш. ХІинццалц кху чохь хилла къамел ший а агІо кхетачу даьлла, доьрзуче кхаьчнера. Цундела, полковника гІеххьа ойла а йина, Хьаьжийца кхин барт ца хуьлуш, дІасакъаста а ца лиъна, тІейолчу ханна юкъаметтиг тоян некъ буьтуш, жимма оьгІазваханчуьра юха а ваьлла, элира :

—Бамат-Гири- Хьаьжа, хьо кІорггера хьекъал долуш стаг ву, Іилма а, вай ца хьехийча а, хьоьхь долуш ду.

Оха кІеззиг хан лур ю хьуна ойла ян. Нагахь, хьо таханчул а хийцалахь, тхоьга хаам бе. ТІаккха оха тхешан сацам хуьйцур бу. Сибрех кхин хьехор яц вай хьоьга.

Полковникан и дешнаш леррана гочдан вуьйлира талмаж Хьажийна, шена бег1ийла хетачохь, жим- т1ам шеггара т1етохар а деш.

- Хьуна стенна оьшу, оцу хьайн хенахь, Сибрех такхар, доьзална а ма ца оьшу и. Ловр а ма яц аш шело, мацалла... Эцца, цхьа тешам боллучу, шина-кхаа мурдана т1едиллахьа, х1аллаквей, д1аваккха и зуламхо, - алий, реза хуьллучу аг1ор, мах а хадабе, - бохуш.

Хьаьжий ойла генахь яра оцу хьехамашна. Зеламхина тешнабехк ца бойтуш, цо шена тоьпаш тухуьйтур яра. Амма цунна дагадеара, х1инцца, оцу хьехамашка ша ладуг1уш 1аш, цхьа бутт хьалха Зеламха шех дагавала вар. Иза дара Зеламхига Вербицкийн кехат кхаьчначу муьрехь.

Г1излара банк йохо безам болуш ву ша,- аьлла, веанера иза 1овда волчу, нагахь, кхо и 1алашо шен къобулъяхь.

- Цкъачунна сих ма ло. Жимма юкъа хан йолийта. Вербицкий шена тоъал ойла ян вита, я шен кехат ахь тергам а ца беш дитана, аьлла, хетар ду цунна, я хьо шена дуьхьал х1отта майралла ца тоьъна, 1ийна, моьттур. Т1аккха мегар ду банк йохо ваха, Вербицкийс хьоьх дог диллинчу хенахь, - аьлла, хьекъал делира х1етахь 1овдас Зеламхина.

-« Аш дуьйцучун ойла еш 1ара со, полколиг », - д1адолийра Хьажас шен дош, полковника къамел дерзош аьллачунна дуьхьал а дог1уш, вуьшта, кхечу къамеле иза ваккхар дезаш.

- Зеламха а теснера суна дага, аьлча а, дукха хан йоццуш цо соьга дийцина, цкъачуьнна цуьнан къайле йолуш долу, цхьа г1уллакх.

Г1изларарчу банках лаьцна дара иза. И йохо ваха дагадеана шена, аьлла, веанера иза со волчу, ас магадо и, я ца магадо, хьажа. Ас ца магош, д1ахьажийна. Бакъду, иза цунна т1елатаза 1ийра волуш вац, нагахь ас пурба лахь. И Дела цхьаъ хилар санна бакъ ду иза. Маца дийра ду цо иза, ала ца хаьа суна, цо соьга цуьнах х1ума ца дийцира. Со цуьнах лаьцна Зеламхех дага вер ву, cайн аьтту ма беллинехь, цига ваха цунна пурба а луш. Т1аккха шуьга хаам бийр бу цо ша, кехата т1ехь.

Цу тІехь цо дерриге а дуьйцур ду шуна, ша ГІизлара кхочу де а, сахьт а билгал а доккхуш... Иза-м далур дара соьга — шуьга со а, нах а, бехк-гуьнахь а доцуш, ца хьийзабайтархьама. Цунна шу реза делахь…? - аьлла, полковнике хаттар деш санна, шен дош сацийра Хьаьжас.

Полковниk чІогІа цецваьккхира, цІеххьашха Хьаьжас гучуяьккхинчу, къайлено: «Зеламха ГІизларара банк йохо дагахь ву, тов, дан там а ма-бара хьуна цо иза... Соьлжа-гІаларчу аьчкан некъан касса а яьхьначу цо, хІун цадер ала ду ? » — бохуш, ша-шега хеттарш а деш.

Юха а, самукъадаьлла, меттавеара:

« Да вала цуьнан, кхин дохко ца волуш кхочур вацар-те иза цкъа ГІизлар чу ? Цул тІаьхьа-м гІоьртар вацара хьуна и цкъа а цхьана а банка тІе », - аьлла, дагатасар а хилла, делахь а, Хьаьжийна шен дагара ца хоуьйтуш, дІадерзийра цо къамел:

— Дика ду, Хьаьжа, дика ду ! Инарлига цкъа дІадуьйцур ду ас вайн хилла кьамел. Эццахь цхьа сацам а бина, хаам бийр бу хьоьга.

ХІинца ас дІавуьгуьйтур ву хьо — айса схьа ма валлора, вайн говраш кеч ма йиннехь. Ахь бехк ма билла тхуна, хьо меттах хьеварна. Хьуна ма-гарра, болх бу-кх хІара, Хьаьжа. Кхин хьо ца хьийзо хьовсур ду тхо... Марша- могаш лелийла хьо! - аьлла, кІеда-мерза хетачу агІор, вистхуьлуш, Хьаьжийна тІе ши куьйг а айдеш, шен гІоьнчийна тІе хьажийра иза полковника, шаьш дІасакъаьсташ, талмажца цхьана.

Бамат- Гири Хьаьжина дика хаьара, полковникана ша дийцинчух, цуьнан хьаькмаш а, иза ша а, ойла цара яхь, тешар боцийла. Иштта нис а делира иза т1аьххьара а : Буру-Г1аларчу хьаькамийн а, Г1изларчу атамана a иэсалла д1аийцира.

Зеламхин аьтту бархьа-м санна, Инарла Михеевс т1е а ца дитира, Вербицкийна т1е обарг г1оьртар ву бохург, ткъа Вербицкийна, шена а тарделлера, иза шех пе бетташ лелаш ву, кхайкхинчу лата ван а ца ваьхьаш...

И юьхьк1ам хьаькимна хилан хьаьхний хууш волчу Хьаьжас, ша Веданара ц1а ма вирззинехь, дукха хьем ца беш, Зеламхина т1аьхьа шен юххера тешаме стаг ваьккхинера, шена сихха иза т1екхиоран кост деш.

Зеламха, и кост шега д1а ма кхаьччинехь, ши -кхо де бен цу юкъа хан а ца юлуш, 1овда вехачу х1усаме, Эвтара кхечира. 1овдас Зеламхица ша маршалла, хьал-де хаьттина ваьлча, доцца дийцира цунна, округан начальника Кораловс ша Ведана кхайкхар а, цигахь шега цуьнан хилла луьра схьахьедар а, т1аьххьара а, ша цунна гучуяьккхина « къайле » а, хьалха Зеламхас шега ма йиццара. Юха, жимма соцунг1а а хилла, т1етуьйхира :

- Суна Сибрех, Зеламха, полколига ма аллара, мацца а язйина ю Дала, ас такха езаш а ю, хьо бахьанехь. Цунна вай реза хилаза ца довлу, цкъа а цигара юха ца верзахь а...

Ткъа ахь, Зеламха, Г1изларна т1е хьо хьала-охьа латаза 1аш вацахь, тахана дуьнна араваьлла, хьайца цхьана йига майрачу к1ентийн ковра кечъян еза, шовзткъа- шовзткъеитт стаге хьала йолуш, духар г1изларерчу б1он хормица а дог1уш.

И санна коьртачех ду, Г1излар г1ала шуна, шайн куьйга п1елгел башха ца хеташ, евзаш хила езар а. Муха т1едоьлху некъаш, мича кепара дехкина ду урамаш, муьлхачу урамехь ю нах беха х1усамаш, мичахь лаьтташ ду пачхьалкхан болх бен ц1енош, г1алин г1аролла лелош йолчу атаманан отрядан дакъош... Дерриге а шуна хьалххе доьвзаш хила деза...Терк а ду кхераме, девзаш ца хилча. Цуьнан гомха долу гечош хьалххе билгалдай, довзийта массарна а, ледарло цхьангара яьлча, дагахьбаллам хир бу шуна. Вербицкига кехат яздан а ма дицде, шаьш х1онсе дог1ийла хоуьйтуш, хан-де билгал а деш, цхьа к1ира хьалха, шаьш кхачо йоллуш, кечам бина доьвлча.

Со сайн дагахь а, ойланца а шуьца хир ву. Шу юха шайн ц1ен т1е дерзззалц. Дела реза волуш, некъ дика хуьлда шун!

— Дала сий дойла хьан, Іовда, баркалла хьуна ! Дерриге а пайдехь ду ахь дийцинарг. Иза, ахь ма баххара, кхочуш даза ца долу! — аьлла, дІадолийра Зеламхас шен дош, Іовдийн хаам-хьехам чекхбаьлча. Бакъду, Іедало-м хьийзаво хьо со бахьнехь : цатемаш бо, кхерамаш туьйсу, делахь а, тІе ца верзало. Хьуна со дукха везаран билгало ю иза, Іовда, суна гергахь. Вуьшта, цхьа хІума-м ду сан оцу тІе ала : иза суна ма-хеттара, нийса билгало сан елахь, иза иштта хилар ахь чІагІдеш, хьайн кІант, Іела, соьца ГІизлара ваийта-м луур ду суна, xьуна бакъхьа хетахь ?

Іовда, вагийча санна, меттах а хьайна, Зеламхега хьаьжира. Цунна гора тІаккха, доьналлин аматца йогучу, товчу, цуьнан юьхь тІера шена тІе боьгІна, шайца цхьа шеkо йолуш, санна, хеталуш болу ши бІаьрг, аьррониг жимма гара хила а мегаш.

Іовда, сих а ца луш, вистхилира: .

—Хьо хІун билгало къасто гІерта-м хаьа суна, Зеламха. Иза кхин къастам бу... тешам цІе ю цуьнан, тешам...

Хьуна дагадогІийла а ю, « тешам болуш дуй-те кхо хІинца соьца дуьйцург, Веданахь цхьа барт хиллий-те кхуьнца? » - бохург. Цунах кхерам бац хьуна. Со Далла хьалха юьхьІаьржа хІотта йиш йолуш вац. Хьайх хьо тешаш велахь, соьх а теша мегар ду хьо, Зеламха, велла дІаваллалц. Хьайна лууш делахь, Іела а вига хьайца, ас бакьо ло хьуна.

Хан, йолу-ца йолу а ца хууш, дІайолура. Лаьмнашкара, Іаьно хьийзийна ло, дешна, Терк дестале, Зеламха шен кечам чекхбаккха гІертара ГІизларна тІелата. Амма, aттачех дацара, зебевлла, тоьлла кІентий, зІугарчийн бен тІе бига, цхьаьнатоха. Зеламхина хазахетара, дерриг оьшург долуш, накъост карийча. Ткъа иза, наггахь бен, ца нислора : цхьаьннан мегаш говр ца хуьлура, вукхуьнан- говран гІирс, кхозлагІчуьнан - бедар, я иза хилча- герз.

Уьш дерриге а нисдан г1ертаро хан йойура.

Нохч- Г1алг1айчохь цхьа а юрт ца йиснера цуьнан ка ца кхочуш. Дика г1оьнчаш бара Зеламхин массанхьа а д1асабекъна, жигара болх беш.

Аюб, Саламбек, 1ели, 1елимха, Гелдиганара Зеламха, Геха, йишин к1ант Бетирсолта…

Иштта, сацар доцуш, юккъе белира б1аьстенан хьалхара бутт, март. Цхьана дийнахь, Гуьмсана т1ехула лаьттачу рег1ан коьрта, д1агулйира Зеламхас шен к1ентийн тоба, мет- меттера, ву мел бохург, схьа къастийна.

Берриш схьагулбевлла боьвлча, доцца къамел дира :

- « Сан хьоме доттаг1ий »,- аьлла, д1адолийра цо шен къамел.

- Шуна ма мотталаш, ас шу кхайкхина, сайна хуьлучу дикачу балхана. Ас сайна х1онсе вуьгуш цхьа вац шуна шух. Я шуьга Г1изларера банк а йохаяйтина, сайн сий хьаладаккха г1ерташ а вац шуна со,- иза д1ахоийла шуна.

Цхьаъ-м ду сан оцу аг1ор ала : иштта ойла йолуш верг, шен ц1ахь 1иэ-м луур ду суна.
Юха, жимма соцунг1а а хилла, къамел д1адерзийра :

- Вай, вайнехан, Вербицкийс нуьцкъах д1адаьккхинарг, ницкъаца юхадерзо доьлхуш ду, т1ейог1учу ханна цуьнга, х1уммаъ гуьнахь доцуш миска нах, кхин ца хьийзабайта.
Дала аьтту бойла вайн !

Шен къамел чекхдаьлча, Зеламхас, шен к1ентийн ковранах кхо дакъа дира, пхи- пхийтта бере цхьаьна а волуш, х1оранна а коьрте шен тешаме доттаг1ий а х1иттош : Аюб, 1ела, Саламбек.

Кхуьйа а ковра, жим- жимма хан юкъа а йолуьйтуш, новкъа елира, Азамат юьртана юххехула, кол-талл дуькъа долчухула, б1аьргана юьстаха, Г1излара- г1ала 1алашо а лаьцна.

Зеламха, кхуьй ковра новкъа а ялийтина, шен кхелинчу сирачу динахь, герзах воьттина, царна т1аьхьа х1оьттира, кест- кеста дуьрста юхаозош, динан болар а лаг1деш.

Вербицкийга кехат цхьа к1ира хьалха д1ахьажийнера Зеламхас. Аюбе, ша хьеха а хьохуш, яздайтина. Цуьнах тоам ца бина, кхин шиъ т1е а дахьийтира : цхьаъ- инарла Михеевга, Бурит1е, важа- Кораловга, Ведана.

Кханний т1ехь дерг цхьа чулацам болуш дара :

«ХІей, кхахьпа, атаман Вербицкий ! Айхьа погонаш лелочул, зудчун «духар » лелийнехь гІолий йолуш хиллий хуур ду хьуна тІедогІучу кІирнах, еарий дийнахь, 10 сахьт долуш. Оцу хенахь, со ахь ларъечу, ГІизларехь, банка чохь хила веза, ахча тІе-кІел тухуш. Бухахь сацалахь... Вербицкий! Со дІавогІу хьуна! Шарбал лелон бакъахьа верг -цигахь къаьстар ву вайшиннах!»

Яздайтина: БІаьхон Гушмазакъин кІанта Зеламхас—Хорачойн обарга.

ЧІагІдо: Хасув-Юьртан округан Андреевски юьртан правлени печатаца.

Иштта яздайтира Зеламхана, оцу Іедалан нахе, кехаташ. И кехаташ дагадаьхкира Зеламхина, хІинцца цхьацца ойланашка а вуьйлуш, схьавогІуш : «Кхетачу агІор яздирий-те уьш Аюба, дІакхачахьара шен хеннахь!» — бохучу кепара.

Дийнахь бен некъ хала хуьлура дошлойн дакъошна Теркан йистошца, хина дуьхьал динчу лаьттан гунашца, юькъачу коьллашца а хиларна. Ткъа буьйсанна, аренга бовлий, чехкка болар дора, дуккха а гІумкийн а, ногІийн а ярташ тІаьхьа юьтуш, некъан ка долуш. Сатоссуш кхечира дошлой, Терк шорлучу, Эрзан ара...

Кхузахь яра, хьалхе дуьйнна а билгалъевлла, Зеламхина евзаш, гомах гечош долуш, хин асанаш. КІеззиг кхузахь говрашка чо а тохуьйтуш, вовшех дага а бевлла, Зеламха хьалха а волуш, цхьаъ-цхьанна тІаьхьа хІуттуш, Терка чу буьйлара цуьнан накъостий. Кхин зен, хьовзам ца хуьлуш Теркал дехьа а бевлла, ГІизлара юххе шаьш кхаьчча, цунна гонаха сацар дира цара, некъана юьстах а бевлла, хийрачунна ца гучча, жимма са а догІуш, кхеташо а ер, аьлла.

Некъа т?ехь воьду- вогІург тергал ван цхьа- ши накъост цхьана а волуш, Саламбек витира. Х?инца ойлане а вахана, хиъна Іара иза. Шайн говраш, бухкарш а малдеш, цхьаццанхьа евлла лаьттачу, дока коьллех дІатуьйсуш бара накъостий.

Аюб а, Іела а юьстах лаьтташ вара, цхьа хІума-м вовшашца кьуьйсуш санна. Зеламхас, цаьршиннах бІаьрг кхетта, шена тІекхайкхира и шиъ, Іелийна забаран байтан мукъамехь, кеп а хІоттош:

- Гиххойн мехкарий хьалха а ховшийна, Мартанхойн кура к1ентий т1ехьа а лаьтташ, « х1ара ву устазан к1ант », - бохуш, уьш хьоьга а хьуьйсуш, хьо дог меттахь хир варий-м хууш дара вайна, 1ела. Х1инца муха ву-те хьо ?- аьлла .

-Хийцавелла вац! Тахана хуур ду-кх иза а, Зеламха, элира 1елас, забарх кхеташ, вела а къежна.
- Тахана хоуьйтур ду вай, ваьш муха к1ентий ду Вербицкийна.

Шек д1а ма вала хьо, 1ела !... Хьо а, Аюб!

Дукха ца 1аш, Саламбек а веара кхарна т1е, хьалха ваьккхина ши муьжги валош, некъа воьдуш Г1изларе, цхьацца, шайн г1уллакх эцна.

- Некъаш кхара маьрша ду боху, Зеламха, цхьанхьа а лардеш а доцуш. Г1излар чохь а хаалуш х1ума дац боху.

-« Тийна ду массанхьа а, шайна хезна х1умма- ъ дац »,- бохуш, ч1аг1онаш йо. Х1ун де кхарна?

- Х1ун дийра дара царна? Маьрша нах шайн новкъа д1абахийта беза-кх. Вуьшта, цхьаъ- м ала деза цаьрга : шайн багийн дола де, шайна цхьа х1ума а ца хаьа, х1ума а ца гира, бохург.

« Иза иштта хила дезаш ду »,- ала. « 1едалан къайле йолуш г1уллакъ ду иза », алий, д1ахьеде. Цул т1аьхьа, д1абахийта. Бехк ма билла, алий, к1еда- мерза.

Саламбек, уьш т1аьхьа а болуш, къайла воллушшехь, Аюба элира : Х1инца, хьем ца беш, адам кхин меттах далале 1уьйранна, сихо ян езара вай, Зеламха , Г1излар чу кхача, Вербицкийн ха вай лардеш доццушехь, аьлла.
- « Х1ан х1а »,- элира Зеламхас ... Хьалхе ду. Банка т1е вай ма г1оьрттинехь, кхийсарш хир ю, д1а- схьа а зенаш а деш. Массанхьа а хаш меттах а девлла, т1ом бан дезар ду. Т1аккха, банк яхьар хир дац вайн.

Вай белхан де д1адоладелча, массо а шен метта охьахиъна а валийтина, балхан к1еж цара йоллочу хенахь, г1ур ду Г1излара- г1али чу а, цуьнан банка чу а, вешан хьашт- дезар а дийр ду, цу чохь т1аккха, цхьа топ а ца кхуссуш, олуш ма дарра.

- Кхетий шу, сан к1ентий?

Кхетахь, Аюб, Саламбек, 1ела…Же, кечамбе, кечам байта накъосташка а, говраш а кечъяйта, куьг хьокхуш, кхес- гаъ а шардеш.

Малх г1ушлакхе кхочуш, Зеламханан ковра коьртачу урамехула, Г1излачу юьйлира, цуьнах кхетачу некъашна шайн хаш а х1иттош.

Зеламха, массарел а къаьсташ, шен сирачу динахь, хьалха вара, кара лаца кийчча, хаьнт1е г1оьртуш, топ a йолуш, кагбеш, тІехьа тиллинчу, таьІначу чолан холхазан куйнаца, эпсаран можа погонаш тІехь йолчу чоьийца. Кхуьй а ковра, вовшийх къаьсташ, хьалхий-тІаьхьий, гІалий юккъе кхечира.

Кхузахь, тІаьхьара шиъ- Аюбий, Іелассий -сихха дІасхьа а ерзийна, банкана тІедогІу урамаш шайн тидаме эцна, дІахІоттийра, Саламбека шен ковраца банкана голецира. Юха, онд-онда пхи накъост шеца цхьаьна а волуш, Зеламха тІевеара.

Цаьрга Зелимхас доцца омра дира:

— НеІарехь волу ши хехо, гІар-тата ца йоккхуш, дІатеве,- аьлла. И шиъ, гуш долчух кхетта а валале, Саламбекан накъосташа новкъара ваьккхира. Цул тІаьхьа, банка чохь Зелимхас сихха шен низам хІоттийра. Массо а банкан белхало зала чохь, ирах куьйгаш а долуш, дІа а хІоттийна, царна юкъара ахча чохь долчу кассийн, сейфийн догІанаш карахь дерш цкъа схьа а къастийна, юха, шега-шега уьш дІа а йостуьйтуш, ахча схьаэцийтира: даккхийраниг цхьанхьа дуьллуьйтуш, кегийрниг-вукханхьа. Ткъа Аюббий а, Іелий а ахчанах дуьзна говрийн таьлсаш араоьцуьйтуш хьийзара.

Цхьана сохьтехь и гІуллакх чекх а даьккхина, обаргаш банка чуьра арабевлира.

Банка чохь Саламбек виcсира, шеца кхо-виъ накъост а волуш. Цара банкан белхахой, вовшах къастош дІасхьа а баьхна, чубоьхкира, цхьацца цІа чу, тІехула догІанаш а тухуш, жимма божаршна цатам беш, церан хечийн доьхкарш схьа а даьхна.

Иштта чекхделира Зеламха ГІизларна тІелатар. Вербицкийна бекхам бар а, банк йохош, цу чуьра алссам ахча а хьош.

ХІара сан дийцар цу тІехь чекхдалийта мегар дара, цхьа-ши хІума кхузахь къастоза ца дисахьара. Цундела, хІара цхьажимма дахдо ас.

ХІинца а карабо дуккха а нах, «Зеламхас ша ГІизлара вогІу, банк яхьа», — аьлла, Вербицкийга кехат яздина хиларх ца тешаш.

Иза дагадарах вай цхьанна а бехк а буьллур бац. Муха буьллур бара вай царна бехк?.. Бакъ ма лоь уьш цхьана хІуманна тІехь. Цхьа а къу карор варий вайна, ша кхана дан дагалаьцнарг кхайкхош, араваьлла? Карор вацара!

Ткъа муха яздина хилла-те, Зеламхас, и кехат? Муха кхета веза-те цо лелийначух?

Зелимха шен халкъан кІант хилла, ткъа бакъонехьа бечу къийсамехь цуьнан массо а хенахь гІо лаьцна къомо. Иштта дагаволу иза 1овдица а, ша Г1изларна т1елата сацам бича.

« Нийса вуй- те ша ? Вала г1ерташ, карзахваьллий- те ? »,- бохучу кепара.

Ткъа Бамат-Гири Хьаьжас и сацам цуьнан нийса а лерина, цунна Г1изларна т1елата пурба а делла. И делла- ъ ца 1ийна иза- м…

Т1е, Зеламхица шен к1ант, 1ела а вахийтина.

Цундела волуш хилла иза хьекъал долчу нахах дага а, ша цхьа х1ума дан дагалаьцча, къаьсттина, 1еламнахах. Ишттачарех бу, цо дуккхазза а г1уллакхаш т1екхехьна а, цунна безаш хилла а, 1едало, оцу бахьанашца, хьийзина а болу, Чимирза- хьаьжа, г1алг1айн Бат1ал –хьаьжа, вай вуьйцуш волу, Бамат- Гири- Xьаьжа, Суайп- молла...

Вай кху дийцар т1ехь ма даллора, бакъ а долуш, Зеламхас, ша Г1излара вог1у, аьлла, Вербицкига кехат яздина. Иза цуьнга хьалххе кхача а кхаьчна, и массарна а хууш ма хиллара. Ткъа х1ун дина цо Зеламхина дуьхьал ? Х1умма- ъ ца дина.

Цхьаболчара тешна ца хилла боху иза Зеламхас дагалаьцначух. Иза шена т1ег1орта ваьхьар вац, бохуш, хилла боху. Хила а мега иза иштта.

Ткъа иза ишта хетачарна аьлла, авторо далийна дара Теркан областан г1алг1азкхийн эскаран атаманан кехат: 1910- г1а шо, 8- г1а июнь, номер 9975.

Г1изларера банк яхьийтарна бехке Кизлярски отделан атаман, эскаран старшина Вербицки хилар, цунна куьйгалла дан а ца хаарна. Зеламха, шен ковраца т1елетча, иза вохар бахьана долуш, церан къайла бовла аьтту бинарг, иза лерира.

Зеламхин йо1а, ша шен дех дуьйцуш, массо а хенахь билгалдоккхура : - « Наха Зеламха, Зеламха олу, амма, ша санна къонахий ца хиллехь, Зеламха а хир вацара ».

Х1аъ, къонахий хилла, шайн цхьана ков- кертахь долчу, дохьучу рицкъанан дуьхьа а боцуш, боккъалла а къомах дoг а лозуш, цуьнан парг1атечу кханенехьа къуьйсуш. Х1орамма а къомана хьалха шен декхар кхочушдина, ц1арна а доцуш, кхайкхамаш а ца беш.

Хууш ду, цхьаъ верас виссина х1ума тахана деза хетахь а, кхана аттачу доккху замано, цундела, Зеламхин къийсамехь къоман парг1атонехьа болу къийсам ган беза, аьлла, хета, цуьнах барта кхоллараллин турпалхо варал сов.

...Зеламхас хьалха Аюбе аьлла ма хиллара, ваккха а ваьккхира цо Вербицкий, т1аьххьара а, ша шена патарма бассочу...

Сайд -Ахьмад Гацаев. « Даймохк » газетa, 2 г1а октябрь, 1991 шо


Вернуться назад