Главная > Поэзия > Хамзат Зубайраев. Байташ. "Зеламха".

Хамзат Зубайраев. Байташ. "Зеламха".


8.-05.-2024, 09:41. Разместил: abrek
Хьо х1унда велира обург х1ай Зеламха?
Ахь х1унда латтийра 1едалца т1ом?
Маьрша стаг варий хьом даима Зеламха
Ахархо даима варий ткъа хьо-м.

Ахь харцо ца лайра лелайо 1едало
Хьуо цхьаъ бен ца хиларх кхера а ца луш
Дуьне а доккхур ду ахь х1инца хетало
Дуьхьала баьлла б1о хьайна ца гуш.

Хийла ахь харцонаш иэшийра йаккхири
Хийла ахь хьаьстира мискачу дог.
Х1аллакди эскараш паччахьа даккхийра
Харцоне боккху ахь сецийра ког.

Хьо лаца, х1аллак ван дуккха нах г1иртира
Тешна бех  неха ахь хийлаза лай
Харцонна дуьхьала хийла хьо лийтира
Хьайх ахьа ца вайти 1едала лай.

Цундела сий ду хьан махкана арахь а
Хьан сий деш дехаш ду мел дог1у ч1ор
Зеламха тахна хьо тхоьцанна вацахь а
Хьан вахар къобал деш, хьан некъа г1ор.

Хамзат Зубайраев - 3.11.2023 ш.
Вернуться назад