Главная > Поэзия > Абдуллаев Леча. Байташ. Хlолламашший, кlарлагlашший
Абдуллаев Леча. Байташ. Хlолламашший, кlарлагlашший12.-02.-2024, 09:04. Разместил: abrek |
Шишанахь кхайкхийна наха,(хастаме кхайкхор) Нохчийчоь сий долуш лелла, Хилла хьан дуьненан мах а, Хир бу хьох эхартан мел. Гора-яl, майралла, гора! Къонахийн куц хилла лелла, Мостагlий хlиттийна гора, Ахь, нохчийн амалийн эла. Бин-биэн ю ян-ма хьо дегнийн. Со а ву хьан лезнарг лезна: Имамийн майраллех хьегна, Обаргийн майралла езна. Харачойн Зеламха вийна Керт лаьтта каш санна, тийна. Хьешана тlаьхьашха тоьхна'(хlусамдас) Цlа лаьтта, кор, наьl а доьхна. Я тхов а, я гlов а ца бисна, Хlетте а и иэсехь дисна. Са - бода, вуо - дика даим Цхьаьна ду: Хьабилца - Къабил, Артемид-хьарм, Герострат' а. Цхьаьна ду Зеламха вийна Ков-керт а, Ведана-гlап а. Цхьаьна ду lаьржа де, lийд а. Цхьаьна ду, амма ду биэн-биэн, Ницкъ боцуш иэсан дай лебан. Пхьарматан' я Геростратан Цlе цхьаъ йац, иэс дагош латтарх. Цхьаъ дац сан Зеламха вийна Ков-керта а, Ведана-гlап а. Ишта дlа, ишта дlа кхин а. Сийлаллийн хlолламаш лаьтташ, Хlара вайн дуьне мел лаьтта, Хlиттийна дайначу сийнна Кlарлагlаш лаьттар ю лаьттахь, Харачойн Зеламха вийна Ков-керт ма латтара, тийна. Тlетосург стигал ю, бухтосург - латта, Малхаца вижар ду, баттаца - гlаттар. И гlирмин буьйда даш, нехан къу-хабарш... Иччархой дукха-м бац техьа, ва обарг? И яйна наб санна, ва сема обарг. Догдиллар ва санна, сапаргlат обарг. Цхьалха стаг ва санна, дог майра обарг, Тешначун карах бен лен воцу обарг, Тешначух ца ваьлла дуьненахь цкъа а... (Кхузахь - Герострат Артемидан храм йагийнарг ву, шен цlе йаккхийта. Пхьарматца и масална хlунда валийна а кхеташ ду...). Дера, Леча, ахь Зеламхех йаздийриг а, тахана а вайн цхьаболчу йаздархоша цу турпалхочах йаздеш долу харц дерш...(пасквилаш) а ма ду биэн-биэн, амма дац уьш церан халкъо къобал дер долуш-м... Вернуться назад |