Главная > Видео > Д. Аласханов. Зеламхех илли (Видео)

Д. Аласханов. Зеламхех илли (Видео)


19.-08.-2023, 13:32. Разместил: abrek


Дешнаш: Денилбек Аласханов
Мукъам халкъа
Суьрташ: Зайнди Аласханов
Д1аолу: "Илли" тоба

Яханчу заманчохь, халонаш шаьш лайна.
Майрачу дегнашкахь, шаьш толам лоьхуш.
Дикачу ц1ерашца, шайн ц1ераш яьхна,
Бицбан йиш яц кха вай и майра к1ентий.

Царех ца1 хилла - кха, майра к1ант Зеламха,
Нийса некъ ша лоьхуш, мискачи г1о деш.
Майра дог хиларна, халонех ца кхоьруш,
Оьзда ша хиларна, нахана воьзуьйтуш.

Дукха шераш д1адевлла Зеламха замана,
Амма ц1е ца яйна дикачу к1ентан.
Ахь хьегна и хало, юкъ яста йиш йоцуш,
Тхуна хьо вицлур вац майра к1ант Зеламха.

Хьай дег1ан там лоьхуш наб ян йиш йоцуш,
Мацбелла кийра хьай бузо йиш йоцуш.
Ког биллал и латта тешаме доцуш,
Халонаш хьийги ахь майра к1ант Зеламха.

Мостаг1и тобано хьо дарвеш хилла,
Iожалла гойтуш уьш эгош хилла ахь.
Хьо лела и некъаш цара хедош хилла,
Некъ парг1ат боккхуш хьо  каде ма хилла.

Паччахьа 1едало кхайкхина хилла,
Дийна хьо лацахь шаьш лаккхар мах биллина.
И дезаш хиллачу мостаг1и тобано,
Тешна бехк бан г1ерташ хьо лоьхуш хилла.

И хьуьна акхарой уг1учу хенахь,
Цаьрга ладег1арца ойланаш йина.
Мац делчу к1езашна борз уг1а йоьлча,
Хьайн кегий доьзалаш дага лоьцуш хилла ахь.

Шелвелла, г1елвелла хьо хьеха воьлчи,
Го лаьцна хилла хьан хьо кара вало.
Хьо каде хиларна майралла гойтуш,
Хьо кара ца вахна майра к1ант Зеламха.

Хьан доьзал шаьш лаьцчи ц1е южур ю аьлла,
Хьан доьзал схьалаьцна шаьш буьгуш хилла.
Мажара тоьпаца хьо дуьхьал ваьлла,
Бовда меттаг йоцуш бохийна хилла ахь.
                 
Паччахьан 1едална хьо вевзаш хилла,
- Х1у стаг ву и - бохуш цец буьйлуш хилла.
- Дийна лаца - бохуш д1акхайкхош хилла,
Хьоьха б1аьрг шайн кхетчи бовдуш ма хилла.
                 
Бакъо схьайиллинчу вай халкъа 1едало,
Хьо хесто, ц1е яккха парг1ато елла.
Халонаш хьоьгуш ахь баьхна и толамаш,
Бицбала йиш яц-кха майра к1ант Зеламха.
               
Хьо вуьйцуш хезначу вайн неха к1енташа,
Хьо дукха везарца хьо дага лецна.
Сий ларда лиъначу цу дикчу к1енташа,
Майра к1ант ву аьлла, хьуна чурт доьг1на.
                 
Мел дукха шерашкахь зама д1аяхарах,
Кар кара оьцуш ц1е йоккхуш хьо хир ма ву.
Яхь  йолчу к1енташна, кийрарчу дегнашна,
Виц вала йиш яц хьо Харачой Зеламха.

Мел дукха яздарах мел дукха дийцарах,
Хьан дийцар кхачор дац майра к1ант Зеламха.
Хьо лелла меттигаш ламанаш, аренаш,
Безам бу тха дагна майра к1ант Зеламха.

Тешаме ахь лоруш шайна т1е ихначу,
Тхан дайша вийцар хьо майра к1ант Зеламха.
Хьоьх лаьцна ва дуьйцуш цаьрга ла дег1арна,
Тхан дагна вийзи хьо майра к1ант Зеламха.

Ведана 1989 шо
Вернуться назад