Главная > Фильм > Синкхача. Эс. Юьстах латта йиш яц.
Синкхача. Эс. Юьстах латта йиш яц.25.-05.-2017, 01:04. Разместил: abrek |
Кьоман ма-ярра истори йовзарца бен хуьлийла дац халкъан кханенан кхоллам. Цундела хада йиш яц д1адаьллачуьннца а долуш долчунна а, хиндолчуьнца а йолу з1е. И хаьдда цахилар гойту халкъан барта кхолларалло, цу буха т1ехь кхуьу къоман культуро а. Цундела ала йиш ю-кха; ирсе бу къоман кхоллам, нагахь цуьнан шен халкъан амалан, г1иллакхийн адамалла йолуш турпалхой, кхолла безаш а боцуш, дахарехь боккъалина а хилла хилча. Вайнехан къоман а бу шен турпалхой. Царна юкъахь ву ц1е яххана къехойн лаамийн дог хилла волу Харачойн обарг Зеламха. Цуьнан цхьаьнан ц1аро кхера-ман зуз хьодуьйтуш хилла паччахьан ялхойн кхетамехь. Массарна а ди¬ка хаьа: Зеламха шен дахаран аьтту лоьхуш ца ваьлла обарг, иза паччахьан къизалла ла а ца елла х1оьттина шен кхолламан халчу новкъа. Цу хенах лаьцна къоман бакъволчу к1анта А. Шериповс иштта яздо: «Паччахьан 1едало ницкъ бора халкъана, ткъа обаргаша — 1едална». Тахана цуьнах лаьцна исбаьхьаллин кинофильм яккха таро ю вайн, амма, бакъду, цу г1уллакхана лаххара а мил¬лион сом ахча оьшуш хилар хууш ду. Цу г1уллакхана куй кара а лаьцна лела стенна оьшу, боху, хаттар а нийса ду. Цхьанне а къайле йолуш дац, вайн кинопроизводствехь беса кинофильмаш а йохуш хилар. Уьш яха карадо оьшшучу барамехь ахча. Хетарехь, иштта къамелаш. деш къийсамаш бар нийса дац, цул а нийса хир дара и г1уллакх д1адахий-тарна юкъа вай вешан дакьа диллича. Цкъа делахь, ишттачу г1уллакхца вайн таро ю къамелашца а доцуш,- боккъалина а, билггалчу гlyллакхашца къо¬ман истории бала кхочуш хилар гойта. Шолгla - делахь, вай ве¬шан харжамца яьккхина кинофильм кхоазза сийлахь а хир ю. Цундела цунна ахча лахьор х1инце дуьйна д1адоло деза. Вайгара хила еза цу г1уллакхан йохьалле хьалхе а. Цунна цкъачунна ахча вайн юьртахоша делла дац. Ткъа иза нийса дуй? Хетарехь, цу г1уллакхана пропаганда ярехь районехь жигархойн тоба вовшахтоха мегар дара, шайна юкъахь райисполкоман а, партии райкоман а, комсомолан райкоман а, белхалойн а векалш а болуш. Цунна веша цхьаьнакхетарш д1адахьа дезара районехь бехачу къинхьегамхошна юкъахь; цуьнах лаьцна дуьйцуш передача а ян езара меттигерчу радиочухула. Ткъа районехь вехачу xlopa а вахархочунна хаа деза, нагахь цо № 700498 счета т1е шен таро йолччул ахча дил¬лича, цо билггала г1уллакх кхочушдо Зеламхех исбаьхьаллин кино¬фильм яккхарна юкъа. С. ХАДАШЕВ, Вернуться назад |