Главная > Фильм > Халкъана довзийта деза. Фильм о абреке Зелимхане
Халкъана довзийта деза. Фильм о абреке Зелимхане20.-12.-2016, 17:09. Разместил: abrek |
Кху деношкахь Веданахь хабар даьржина вайн кинорежиссер Татаев Илес обарг Зеламхех лаьцна исбаьхьаллин кинофильм яккха дагахь ву аьлла. Иза хаза кхаъ бу. Амма цу г1уллакхо кхин тайпа ойланаш а тосу даг чу. Царах лаьцна ала лаьа суна. Обарг Зеламха шен заманчохь ерриге е Россехь а, Европехъ а вевзаш къонах хнлла.Цуьнан доьналлех, майраллех лаьцна эшарш, хабарш, легендаш Къилбаседа Кавказехь а, Закавказьехь а шуьйра даьржина хилла. 3еламхас шен паччахьан ялхошца болчу къийсамехь къаьмнаш ца къестийна. Цуьнан коьрта байракх нийсо, парг1ато, мискачу нахана ен г1ело д1аяккхар хилла. Цунна тоьшалла Зеламхин тобанна юккъехь Теркайистера г1алг1азакхи Орлов хилла хиларо а. Обарг Зеламхах лаьцна керланаш Петербургехь арадуьйлучу газеташна т1е а диттина кест-кеста арадьйлучу газетшна т1е диттина кест- кеста. Зеламхех а, цуьнан доьзалх а лаьцна паччахьан правительствос арахецна почтови открыткаш ю тахана а цуьнан йо1аршкахь 1алашъеш. Обарг Зеламхин паччахьан ялхошца хиллачу кехаташ д1асааяздарехь нахана довзаза г1еххьа документаш ду х1ара мог1анаш яздечуьнгахь а. Цу тайпанчу дуккха а х1уманаша гойту Дзахо Гатуевс а, Мамакаев Мохьмада а язйинчу Зеламхех лаьцна йолчу книшкаш т1ехь а цуьнан васт кхоччуш схьадиллина цахилар. Дукха хан йоццуш сан аьтто хилира 30-чу шерашкахь обарг Зеламхех лаьцна яьккхинчу исбаьхьаллин киноленте хьажа. Зеламха къинхетам а, политически кхетам а х1ун ю ца хуу стаг санна гойту кхузахь. .Оцу дерригено а ойла йойту: муха ю техьа х1инца Зеламха вовзийта кечйина киносценари? Обарг Зеламха нохч-г1алг1айн халкъан дозалла ма-ду. Цундела бакъахьа- хир дара и кино яккхале цуьнан сценарии адамашна йовзийтича. Цхьанакинодраматурган а, режиссеран а лаамца, б1аьргашца, хъекъалца мел къегина уьш хиларх а,_и кино йоккхуш хилча, кхоьру цунах Нурадилов Ханпашех а, Шерипов Асланбеках а яьхнарш санна хиларх! Бакъахьаха хир дара цкъа хьалха тоьлашхачу киносценарина конкурс а кхайкхийна, цул т1аьхьа конкурсехь схьакъастийнарг фильм яккхийта магийча. Суна хетарехь, халкъан бакъо ю шен турпалхома-хиллара гайтар леха. Иза иштта ца нисделча, дагахь баллам буьсу. Кхин цхьа х1ума а ду. Лай т1е кхоьссина б1ал санна, адамашна гуш хуьлу конъюнктурни 1алашонца исбаьхьаллин произведенешна юккъе яллийна псевдоинтернационалистически башхаллаш. Масала, Шерипов Асланбекана сценариста кхачийна оьрсиййн т1ехьийза йо1. Мах охьа болура техьа Шернповн, я и вас хуьлура техьа оьрсийн къомана. нагахь цуьнан т1ехьийза йо1 ша ма -хиллара йитинехьара? Цунах терра дерг карадо «Горская новелла» кинофильмехь а. Цхьана тайпана штам-паш к1ордайо нахана. 1орайовлу церан искусст венни башхаллаш. Со ца ваьхьа Зеламхина а кха на 1уьйрре Г1изларерчу банкехь цхьа, кхин нускал- карор дац ала... Доцца аьлча, вайна тахана стереотипни а, конъюнктурни а. йоцуш, нехан дегнаш даккхий дейта произведени оьшу. Хетарехь, шена т1ехь харцо, лайна, культура кхиорна цхьацца дуьхьа лонаш еш схьадеана хилла нохч-г1алг1айн халкъ хьакъ ду г1уллакх иштта С-Хь Нунуев. Ведана. Вернуться назад |